ТIекхочийла долу линкаш

Цхьа а вац Эстемирова Наташа йийнарг лохуш


Бакъоларъярхо, журналист Эстеммрова Наташа.

Бакъоларъярхо, журналист Эстеммрова Наташа.

Ялх шо кхаьчна кхаарийндийнахь нохчийн уггаре а дуьненахь евзаш хилла йолу бакъоларъярхо Эстемирова Наталья йийна. Тахана а дац жоп хаттарна «Хьан йийна?». Амма цуьнан ц1е йолуш яц дагчуьра и езначийн а, белхан накъостийн а. Нохчийчохь а дагалоьцу Эстемирова Наталья кху деношкахь.

Нийса 6 шо хьалха, нехан дагалецамашкахь а иштта довха де дара. Iуьйрана дуьйна къеггина кхеттачу малхо, нахана ца буьтура сатийсам шен Iовжочу зIаьнарах бовла. Оццу малхехь лечкъаш, автобусан социйлехь лаьттачу Эстемирова Наташина уллехь машен а сацийна, масех герзхоша, иза ницкъаца чухаийна дIайигира. Хиндолчуьнах кхета а кхетий, цо мохь туху социйлехь, Iадийна лаьттачу нахе, ша мила ю.

Цхьа а меттах ца ваьлла. Кхоно тIаьхьа, талламхоша хеттарш дечу хенахь а, теш хиллачу нахана ца лиъна хIума дийца. Делкъал тIаьхьа Эстемирова Наташа йийна карийра ГIалгIайн махкарчу Гази-юртан йистехь, цхьана майданехь.

Коьртахь а, дегIах а, герз тоьхна йийнера иза. Куьйгашна тIехь гуш яра, гIоьмаш тоьхна ларраш. Делкъала тIаьхьа, Наташа йийнийла хиинчул тIаьхьа, махкахь мел болу бакъонашларъярхой Iадийна бисира. Иштта боьхна бара, цуьнгара гIо оьшуш болу нах а.

ШоллогIачу дийнахь цуьнан дакъа гIала юккъе а деъна Толаман проспектехула дIадаьхьара. Шортта нах а бара. Жимма лакхахь полици гулъеллера, амма нехан оьгIазло гича, хIумма а ца элира. Царах цхьаболучеран даг чохь а хир бара къинхетам, гIийла йолу зуда муха йоь къизаллийца аьлла.

Тоьллачу цхьана машенца эпсаран погонаш а, хаьнтIехь йоккха тапча а йолуш, стаг дуьхьала велира, аш хIун леладо, дIасадовла, аьлла. Шай накъостан дакъа эцна боьлхучеран бIаьргаш чохь оьгIазло хааелча, юха а вирзина дIавахара иза. Бакъдерг дийцича, оцу суьрто, сатийсам кхоьллира хIетахь, нохчийн юккъаралла елла яц аьлла.

Эстемирова Наташа журналисташна даиманна карош стаг яра. Маршо Радиохь а хезара цуьнан аз сих-сиха. Зама яра оцу хенахь, дела денна стаг вуьгуш, юха иза вийна карош. Бакъонашларъярхошна болх шортта бара.

Иза елий цхьа де хьалха телефонехь къамел дира ас Наташица. Цо ша схьатоьхна яра иза. ХIетахь цо талла юьхьаралаьцна дара цхьа жима стаг дIавигаран гIуллакх. Iедалан низамхоша иза лаза а вина дIалаьцнера. Иза мичахь ву шайна хууш дац бохуш жоьпаш лора цара гергарчаьрга. Наташина хааделлара и стаг ТIехьа-МартантIерачу дарбан хIусамехь тIехIиттина низамхой а болуш латтош ву аьлла.

Сихонца кIоштан прокуроре а аьлла, иза цига вахийтича, оцу герзхоша иза а лаьллинера, хьо тIегIортахь цаца бийр бу хьоьх аьлла. Наташин телефон чохь сан лоьмар карийна, Талламан комитето со а тIекхайкхинера. Муха, мичара евзинера хьуна, хIун болх беш яра иза бохуш, хеттарш дира. ТIаьххьара деллачо, цецваьккхира со. Хьан йийна хир ю иза хаьий хьуна, аьлла кIелдашхула хьаьжира соьга, ткъа шарел а тIехьваьлла талламхо. Оцу хаттарна тахана а кхоччуш бух а болуш жоп луш дац.

Тахана Нохчийчохь Эстемирова Наташа дагалоцуш цхьа а акци яц дIахьош. ХIора шарахь санна, цуьнан уллерчу шина доттагIчо Саратова Хедас а, Исаева Таисас а цхьана а кхетий, хан йоккху, цуьнан суьрте а хьожуш. Иза мел оьшуш яра шайна тахана а, бохуш дуьйцу Саратова Хедас.

Саратова: «Хан дукха мел йолу Наташин мах а, иза эшар а лакхадолу. Тхайна уллехь иза хилийта лаар, алсам дацахь, кIезга ца делла. Цуьнах дIакъастаран къахьалла, хIинца а дIа ца яьлла. Делан цхьана мостагIаша, иза юккъера схьа а озийна дIаяьккхира иза. Наташица со уллехь болх бина ю. Тахана 6 шо кхечи иза йоцу тхоьца. Хала ловш ду оха иза. Тахана иза дагалоцуш, вовшехктеттера тхо».

Эстемирова Наташа еран зулам кхоччуш ца таллар а, бехке верг гучвоккхуш ца хилар а, леррина лелош хIума ду аьлла хета Саратова Хедина.

Саратова: «Суна уггаре а хьалха хеташ долу бахьана, цунна тIехь и болх бинарш, къайла кхоьхьш хета суна. Иза мила ву, Дала мукълахь, хан-зама яьлча хуур ду. Иза йийнарг цхьа тIемало варий, Башаев бохуш, шаьш цунна тIехь динарг ца тоьуш санна. И хIума ца лало. Наташин мах банне а бацара. Цуьнан сурт дуьхьалара дIадаьлла а дац».

Тахана Санкт-Петербургехь дIадаьхьара Эстемирова Наташа дагалацар. 30-х стага цуьнан сурт гIали юккъе а даьккхина, цунна хьалхахь зезагаш дехкира, цо язйинчу артиклш тIера кийсакаш а йийшира. И акци вовшахтоьхначу Виленская Еленас Эстемирова Наташех иштта элира Маршо Радиога.

Виленская: «Суна хетарехь, лартIехь болчу нахана, шайн сий а долчеран, шай бакъонаш ларъян лууш болчарна, иза чIогIа оьшуш яра даиманна. Наггахь хуьлуш хуьлу и санна нах, хеналла хьалха бевлла хуьлу. Суна хетарехь, тахана цхьаболчарна цуьнан мах ца хаахь а, жимма хан яьлча-хуур ду. ХIунда аьлча, и санна нах цхьа тамашийна бу. Уьш нийсонна тIегIерташ а, адамийн бакъонаш ларъярехь некъ лелош а бу, шайн даго ма бохху. Тхо Соьлжа-ГIала даьхкинчу хенахь, суна дагадогIу, «Мемориалехь» дуккха адамаш дара, цуьнга хьожуш.

Цуьнца цхьанхьа тхойшиъ йоьдуш, иза сеца а сецаш, нахаца къамелаш дора. Хоьттура цуьнга, шайн-шайн гIуллакхаш дIа муха доьдуш ду, олий. Иза тамашийна адам дара. Ша бохучуьнна тIера ца елира иза, шена кхерамаш туьйсушехь. Кхерам боллушехь, нехан бакъонаш ларъяран болх дIабехьира цо».

Эстемирова Наташа дIайоьллина ша цIера йолчу Кошкельды юьртахь. Цуьнан цхьаъ бен йоцчу йоIа Ланас, хала лайра ненах къастар. Дукхачу наха, цунна гIо а дира, иза йоха ца йохийта. Iамерка президента Обама Барака а тоьхнера цуьнга кадам беш телефон.

Тахана Британехь Оксфордехь доьшучу Эстемирова Ланас, «Къизалшна дуьхьало яр» комитетан офис Соьлжа-гIалахь ягийнийла ма хиънехь, царна болх бан дIаелла шен ненаца ша чохь Iийна петар.

XS
SM
MD
LG