ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лург марха даста кечлуш бу цхьаболу нохчий


Нохчийчоь - мархина кхача оьцуш бу зударий
Нохчийчоь - мархина кхача оьцуш бу зударий

КIеззиг хан юьсу мархийн бутт бан. Марха даста кечлуш ду доллу бусалба къаьмнаш. Иштта нохчийн къам а, шайн йолу а, йоцу а таронаш ца лоьруш.

Мархин бутт юьххье бала диснарг масех де бен цахиларна, юург-мерг юхкучу туьканашкахула волавелча го могIарерчу бахархойн ахча-бохчанан таронаш. Дукха кIарг а ца луш тIехула динчу зераша ма-гайттара, хадам боллуш чIагIдан йиш ю ярташкахь бехачу вайнахех дукхахберш(иттанна юкъахь ворхI-бархI хIети а, вети а), тIедиллина хIума а оьцуш, марханаш даста кечлуш хилар.

Тайп-тайпанчу кIошташкахь масийтта туьканашкахула чекхваьлча церан долахоша хьулам ца беш дуьйцу лург хIума оьцурш дукха хилар бахьнехь шаьш ловчу халонех. Новр кIоштан цхьана туьканахь нисделла хIара къамел. Декъашхой бу туьканан долахо а, и йохкархо а.

Долахо: «Иттамма юург ехьча,кIез-кIезиг схьа а луш,массара а лург хьо-кх. 12-13 эзарна дIа-м хьо. Ва-а и хIуьцIаргаш,пуьцIиргаш,ахь лург елчахьана тоттий дIа-м хьо. Стохка мархехь ехьнарг схьадаланза а болуш юха а баьхкинера кхушара а».

Йохкархо: «Ас хIинцца 130 эзарна юрг-мерг эцна. Цунах доккхах долу дакъа схьалур ду бохуш дIахьуш ю. Корта хьере бина-кх кху наха. Цхьана мафия юкъадахча санна хьал ду-кх тхойгахь,хIорш талха а телха хьан,йишца яхьа меттиг а бац, юкъарвала а йиш яц…»

Мацца а цкъа схьалург хIума дIа ца хеца ахь мел чIагIонаш йича а гIуллакх ца хуьлу боху Соьлжа гIалин кIоштерчу туьканан долахочо Хьасанас. Ахь уьттаза лург хIума а елла,цхьайтталгIа а яхьа веъча ца елча, «шега марха ца дастийта воллура хьенех» бохуш,юрт а яьккхина кхайкхош меттиг а нисло цо дийцарехь. Хьасан ву дуьйцуш.

Хьасан: «Тахана цхьамма-шимма ахча схьа а делла ехьна ,ткъа 5-6-ма лург ехьна. Ас тIаьххьара 50 эзарна товар эцна,цунах мел чIогIа ас юхауьйзуш ка-маIарш хьекхча а 30 эзарна лург дIайоьдуш ю. Хьалхалерниг хIинца дан йиш яц шуна,ахча дукха хьедан сан таро яц шуна бохуш чIагIонаш-м яйтина ас. 70 стаг ву сан декхархо кху тIехь дIаязвина,ткъа ахча аьлча 350 эзар ду нахехь».

Шегара кхушара мархина аьлла юург-мерг лурггий бен ехьна а яц бохуш даре до Соьлжа-гIалина йистехь, шен кертахь урамца туька а йина йохкаэцар лелочу Лайлаа. Къемата шена и ахча схьахир дацахь а, и декхар юхадерзо шен мел тIаьхьаида дезар делахь а бохура цо, ша ца Iало ца елча. «Со мацца веъна а вогIур ву хьуна, хьо цIахь хилалахь бохург ду да-м»,- тIетуьйхира Лайлаа, гIаддайна, куьйгаш дIаса а тосуш. Цо дика кхетадора нехан дан амал цахилар, болх-некъ цахиларо церан гIаддайина хилар.

Лайлаъ: «Соьгара оьцучу лург бен ехьна-ам яц кхушара. Нахехь ахча дан ма дац. Деллахь яц-кх. Пенси схьаделла цара иза жижигна а, вукхунна а,кхечунна а хьажийна. Мархин сахьа даккха а мА деза. ХIинца кхана марха досту аьлча цу сарахь а богIу-кх лург хIума яхьа. Веанчунна ца елча со Iа-м ца ло..»

Марханаш дастаран хьокъехь, цхьа барт бича санна массара а далхориг цхьаъ ду- дукхахболчара пенси я алапа схьаделча, я цхьа болх а нисбелла даккха а даьккхина дIатокхур дар-кх бохуш даа-мала дIакхехьар. Бахархоша шаьш къаро ярца бIеннашкахь нохчий бу,йолах мел ницкъала а белхаш бан кийча, и карбар боккха аьтто а, кхаъ а хеташ. Амма массарна а ца нисло доьзал хене баккха, тIаьхьло а йолуш ,къахьега меттиг. Цунах дуьйцуш ву юьртара дIа а оьхуш Соьлжа-гIалахь болх беш волу Шарпудди.

Шарпудди: «Лург хIума оьцу нахах тарбала а,эшна ца хила а гIерташ. Тахана кIезиг алапа догIучарна шина беттан алапа деза мархина стол кечьян. Болх-некъ бац,цунна оьцу-кх. ТIедогIуш хIума дац. Пенсешка хьоьжуш Iаш бу дукхахберш. Кегийрхой къаьсттина алсам бу дан хIума доцуш».

Болх-некъ цахиларо хир хадийна бахархойн,уьш гIиллакх ,собарх бохо гIертачух тера деттало схьагуш долу сурт, боху цхьа а шалхо а йоцуш Теркйистерчу вахархочо Айдамара.

Айдамар: «Лург эцаррий? Бахьана дера ду нахана болх цахилар. Кхушара къаьсттина дукха байна-кх суна амал доцурш,гIийла бохкурш. Хаза нехан санна холчохь ду-кх адам. ХIора а шарахь нахана дазлуш санна хетта суна-м и марха дастар. Iедалдайн бала а кхаьчча оцу туьканашкахь декхархой мел бу хьовсахь царна девзара-м ду бахархошкахь долу хьал ма-дарра,хьанна гIо дан догIу а хуур ду».

Марха досту де тIекхача герга мел даха а, кхачанан сурсаташ оьцуш къардайна хьийзачу бахархойн терго еш тамаше хеталург ду, шаьш шайн лаамехь цу хьоле даханчуха, иштий бен кхин хуьлийла а доцуш санна, цара дIа а яздойтуш, хьашто мел ерг дIакхехьар. Схьагучу суьртехь цаьргара бакъ хьал –де хаа,цара лов халонаш юххера йовза саготта хуьлчух тера дац урхаллехь берш а.

Мелхо а официалан дечу дIахьедаршца-м махкахь хIора шарна а белхан меттигаш алсам а юьйлуш, лилхадуьйлуш ду болх-некъ боцчийн могIарш. Бакъду Iедалхоша бен цу кепара бIаьрла чIагIамаш йоккхачу шеконе бохку бIеннаш, тIехь дIаязбина декхархой а болуш, туьканашкахь Iохкучу стоммачу тептарша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG