ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Силиконан бизнес йохош ю Нохчийчохь


Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен вице-премьерна Тумхаджиев Iийса декхаревина силиконца зударийн куц-кеп хуьйцу салонаш махкахь латтораш Iорабахар, церан бизнес йохор. ТIаьххьарчу заманахь Нохчийчохь дуккха а нисъелла зударша салонашкахь йина ботекс, силикон хьовзаме, лачъевлла меттигаш, иза адаман могашаллина кхераме бизнес ю, оцу хьокъехь дуккха а аьрзнаш кхочу шега, яздо Кадыровс шен Instagram агIонехь.

Хазбала луучу зударшна тIехь шайна са лоьху нах баьржина махкахь, аьлла, кхайкхийнера Нохчийчоьнан куьйгалхочо деношкахь кIоштийн куьйгалхойшца дIаяьхьначу кхеташонехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG