ТIекхочийла долу линкаш

ХIиндойчоьнанний, Пакистананний дозанашкахь инцидент иккхина


ХIиндойчоьнанний, Пакистананний дозанашкахь, Кашмир провинцехь, иккхинчу тIеман инцидентехь велла пхи маьрша вахархо. Шина мехко вовшашна тIетоьтту дозанехь хилла тIеман тасадалар. Къовсамехь лаьттачу Сиалкота меттехь хилла инцидент.

Пакистано дIахьедина, шайн дозанхоша хIиндойн чохь дрон кема чудаийтина, аьлла. Оцу бахьанийца луларчу мехкан векал жоп хатта кхайкхинера Исламабаде.

XS
SM
MD
LG