ТIекхочийла долу линкаш

Марха даста кечамаш беш ма-торру кхачанаш стоьла тIе хIитто кечлуш, хьийзачу юкъанна Соьлж-ГIаларчу коьрта маьждигехь мехкан куьйгалло ахча доькъу аьлла хабар даьржира кхаарийн дийнахь. Цига хьаьлхинчу мискачу наха, олуш таме дацахь а, базарх тардира Делан ЦIа.

ХIара видео, ша а оцу маьждиге тархье веанчу цхьана стага яьккхина ю. Гуш ду цуьнан мел догдаьлла шена гучу суьртах. Ткъа хIара видеокийсак яьккхина ю маьждиг чохь.

Шуьйрачу цхьана ламийн йистехь лаьтташ бу дукха зударий а, зудабераш а. Цхьанхьа тIекхача гIерташ санна, маьхьарш детта цара.

ГIурба дечу а, марха чекхадолучу хенахь а иштта нахера хIумане сатуьйсучу нахах хьаладузу маьждигаш а, Iедалдай лела меттигаш а. Цуьнах болх а бина лелаш а бу цхьаберш. Шайца шаьш санна берш юккъахь болу йоккха тоба а ялош хуьлу уьш.

Кхузахь дерг мархийн бутт чекхаболуш республикан куьйгалхочо хIете а вете а шена тIера сагIа кесста-кесста доккхучо, ахча тосур ду аьлла сатийсам бу оцу говзанчийн-сагIадоьхургийн. И нах, акхаройх тера хета шена бохуш, цара лелориг емал до Соьлжа-гIалара вахархочо Алиев Аслана.

Алиев: «Цо ахча кхуссуш жIалеш ду-кх гулделла. Оцу ахчане сатессина. Элийн карара вахькхоьссинчуьнга а. Суна-м ца хаьа. Эхь а бекх а хила ца деза стагехь? Шена иза оьшуш хилча, цхьа гIиллакхехь дIа а вахана, нигат а дина, Дала суна доьхна делахь-кхочур ду-кх аьлла, вахар а ша ду.

Ткъа, хIорш-м жIалеш ма ду. Боьрша нах корехула чубуьйлуш бу бохуш видеош а ю. Суна-м ца хаьа, нохчий мукъне а буй хIара нах»?

Даимана мархийн баттахь, дукхачу меттигашкахь, мискачарна олий, цхьацца кхачанан тIоьрмигаш боькъура Кадыровн фондера олий. Амма, сагIадоьгIучарна, яа хIума ца оьшу, царна дукха мел хуьлу ахча дукха деза, бохуш дуьйцу Исраилова Зина цIе йолчу Соьлжа-юртара яхархочо.

Исраилова: «Оцу интернет чуьра и роликаш, эхь хилла а ца Iаш, цкъа а нохчаша лелора ду аьлла хезна доцу хIума ду иза. Нохчий сагIа доьгIуш маца хилла? Кхечу къаьмнашна гича а эхь долу хIума ду-кха иза. Нохчий цхьа корта хьалатаIийна лела безаш болу, и бераш а эцна цигахь бу. ТIехтоха а хIума ду-кх иза».

Дукхачу нохчаша, чIогIа иэхье лору иштта хIуманах сатессина хилар. Къам дIадохийначу хенахь, сагIа деха ара ца бовлуш, хийла мацалла белла нах. Ткъа тахана иза хила дезаш долу хIума санна лору цхьаболчара. Амма иза емал дийриш дукха бу. Цуьнах ю дегйовхо. Дуьйцу БухIан юьртара вахархочо Баснукаев Асхьаба.

Баснукаев: «Суна-м ца хаьа иза, цхьа чIогIа эхь ду-кх иза. Цо ша а олу, цкъа а сагIа доьхуш хилла бац нохчий. Ма леладе и хIуманаш олу. Цунна тIекхача гIертаралла сов, цуьнга яздо, инстаграмм чу а. Дехча а ца дехча а дIалуш ду цо. Баланаш болуш берш а бу. Уьш тIе а кхочу цунна, царна гIо а хуьлу. Амма, цкъа а нохчийн хилла ма дац и хIуманаш».

Нохчийчохь къелла ю бохург бакъ ца до Баснукаев Асхьаба. Хала ду дахар, амма куьйгаш а, корта а болх бечу стагана, сискал хьаннала яккха меттигаш шортта бу, аьлла тIетуьхийра цо.

Баснукаев: «Болх бан луучунна болх а бу. Бац бохург бакъ дац. Бац министрийн белхаш. Амма къа а хьоьгуш, хьан доьзал кхаба аьтто бу-кх хьан. ТIаьхьа а уьдуш, сагIа деха, тIеида везаш ма вац стаг. Рицкъ делахь, хир ду. Дацахь-дац. Вайнах тIаьххьарчу хенахь тамашийна бевлла. Дала диканиг дойла вайн».

Нохчийчохь сагIа доьгIурш, цхьана агIора, Iедалша шаьш дебош бу. Къаьстина меттигерачу телехьожийлехь, даиманна гойтуш ду Кадыровн фондо, оццул хIума делла, оцу нахана гIо дина бохуш.

Ша республика куьйгалхо, юьхьанца лелара мискачу нахана а, цомгушчарна а гIо деш, ахча луш а, машенаш а, хIусамаш йокъуш а. И хIума тергонехь латточу нахана атта хета, бахьана делахь а , дацахь а ахча дегIар, иза къа а хьегна доккхучул а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG