ТIекхочийла долу линкаш

Малайзин дохийначу кеманах видео караеана


Австралерчу Дейли Телеграф агенталлана хIинццалц йовзанза хилла видео караеана Донбассехь дохийначу Малайзин кеманца йоьзна. Стохка иза чудожийначу миноташкахь яьккхина ю иза. Цу чохь гуш ду, кеман гаьргаш а, чохь хиллачу нехан хIуманаш а кегош хьийза оьрсийн сепаратисташ.

17 минотехь телефонтIе язйинчу видеоно тоьшалла до, сепаратисташна шаьш чудожийна кема, шайна юхьанца ма-моттара, Украинан эскаршкара а доцуш, геннара пассажираш эцна доьдуш хиллийла гучудаларх. Сиднейрчу Ньюс Корпорейшн газетан куьйгалхоша хаамбина, шаьш дикка хан яйира и видео шайга кхачаре сатуьйсуш, иза Донецкера контрабандица кху кIиранах кхаьчна аьлла.

XS
SM
MD
LG