ТIекхочийла долу линкаш

Аскаров Азимжонна совгIат дина Iамерко


ГIиргIазойн Iедал реза дац Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа адамийн бакъонашкахула долу совгIат дарна шаьш набахтичохь кхобучу Аскаров Азимжонна. Оцу хьокъехь протест дIакхайкхийна гIиргIазойн дипломатин цIийно Iамеркан векале Майклс Ричарде пIераскана. Сацамо шина пачхьалкхан юкъаметтигаш шелйо, аьлла ду Бишкеко дина дIахьедар.

2010-чу шарахь ГIиргIазойчохь бухарчу къоманний, цуьнца бехачу узбекийнний довъиккхича, цунна а, иштта милцо верна а бехкевира Аскаров Азимжон. Ткъа бакъоларъярхошна иза бахьана хета, политикаца доьзна ду цунна дина таIзар, чIагIдо цара.

XS
SM
MD
LG