ТIекхочийла долу линкаш

ГIажарийчоьно ларъйо шен принципаш


ГIажаройн аятоллас ХIаменаи Iелас дIахьедина, зарратан герз ца кхолла дуьненца шайн барт хиллехь а, шайгара дIабер бац Iамеркан Цхьанатоьхна Штаташка болу цабезам, аьлла. Малхбалерчу Iамеркан политикана ГIажарийчоь реза яц, хир а яц, бохура аятоллас ша Марханаш дастарца доьзна халкъе вистхуьлуш.

Зарратан герзан да йолчу 6 пачхьалкхца Венехь шинарийдийнахь бинчу бертаца а догIуш, ТехIерано буьту зарратан герз кхуллуш болийна некъ, ткъа Малхбузено юхайоккху ша 10 шарахь тоьхна латтийна йохк-эцаран эмбарго. И барт ша кIоргга зен воллу, къомана мел кхераме бу а хьожуш, бохура ХIаменаи Iелас. «ГIажарийчоь декхаре ю Iалашъяла а, шен революцин принципаш ларъян а» - аьлла аятоллас.

XS
SM
MD
LG