ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийчоьна кхайкхийна протест


Гуьржийчоьно протест кхайкхийна шен дакъа лоручу Къилба ХIирийчохь а, дозанашкарчу ГIалгIайчохь, Нохчийчохь, Дагестанехь, Къилбаседа ХIирийчохь тIеман Iамораш долийначу Оьрсийчоьне. 2008-чу шарахь Къилба ХIирийчоь бахьанехь ша гуьржашна тIелеттачул тIаьхьа тIеэцначу бертан низам талхийна Кремло, боху Тбилисино.

ТIеман Iаморашца доьзна гуьржаша дехна дуьненаюкъарчу хьукматашка хьал тергоне эцар. Къилбаседа Кавказехь а, Къилба ХIирийчохь а дуьйладеллачу Iаморашкахь дакъалоцу яккхий тоьпийн тоьллачу дакъоша, юкъаяьхна «Град», «Торнадо», «Ураган» олу яккхий тоьпаш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG