ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Боинг» дохийнарш бевр бац кхелах хьалха


Украина --Оьрсийн сепаратисташ бу "Боинг" чудожийначу меттехь, ХIрабово,18Тов2014
Украина --Оьрсийн сепаратисташ бу "Боинг" чудожийначу меттехь, ХIрабово,18Тов2014

Шо хьалха Украинан стигалахь Голландера Малайзе доьду пассажирийн кема дохийначийн трибунал хир ю кеста. И де герга мел гIерта шаьш а билгалбовлуш бу куьгбехкенаш.

Малайзин «Боинг» чудожийна шо кхачарца доьзна Киевехь ша къамел деш пIераскана Украинан президента Порошенко Петрос доцца дIахьедира бохамах шен махко дина жамI.

Порошенко: «283 пассажир, 15 кемалелорхойн тобанера, 10 пачхьалкхера бахархой, 80 бер, шайлахь шиша шераш кхачаза кхо бер а долуш. Кеманчохь хилла политикаш, философаш, пачхьалкхийн белхахой, нехан мехкарий, воIарий, къена зударий, божарий, ирсе доттагIий – 298 бехкбоцу адам. Ойла ейша, къа дац церан!

Уьш массо а Оьрсийчоьно ир-кара хIитточу террорхоша шаьш лаьцна латточу махкара къиза тIелатардина хIаллакбина. Тоьхнарг Iалашо лаца юьззина таройолу ракета ю – «латта-хIаваъ» эриг. Оьрсийн Федерацино делла «Бук» олу герз тоьхна чудожийна кема террористаша. Оьрсийчоьнан политикан тIегIанерчу баккхийчу хьакамаша омра дича бен дойла а дац иза».

Нийсса бIостанехьа ду Донбассерчу сепаратисташа чIагIдийриг. Изза дуьйцу кху дерриг а шарахь Кремло а. Шина а агIоно Украинан эскарш бехкедо. Путин Владимира, масала, деношкахь шена дов ХIаагерчу трибунале луш дуйла хаарцана, шога дIахьедар дира. Трибунале баккхал теллина бац хилла бохам, аьлла цо. Кхеташ ду, Кремлна бехкенаш дуьнено Киевехь лохийла а, цигахь карабойла а лаьа.

Порошенкос оцу хьокъехь а элира. «Дов трибунале кхачийта ца луучара шайна тIеоьцу хиллачух жоьпалла» - аьлла Украинан президента.

Порошенкос аьллачуьнца йогIуш йолчух го, цкъачунна гIараяьккхина яцахь а, Голландин а, кхечу массех мехкан а талламчаша зийна, кечйина верси. Ткъа бозуш боцчу тергамчаша-м тоххара къастийна кеманна тоьхнарг «Бук» хилар а, иза сепаратистийн лаьтта тIера хецна хилар а.

Оццу тIейоьду деношкахь Австралерчу Дейли Телеграф газето яржийна верси а. Донбассерчу сепаратисташца беттанашкахь мах а къийсина, журналисташа эцначу видеоно гойту дуккха а тоьшаллаш. Кема чудаийтинчу миноташкахь Грабово юьртарчу басехь яьккхинчу цу чохь гуш бу, шаьш дохийнарг тIеман кема доцийла а кхетта, хьал дийцаре деш хьийза сепаратистийн буьйранчаш.

И видео сепаратистех цхьамма чудоьжначу кеманца хилла чалхаш, беллачу нехан хIуманаш кегош хьийзачу тIемалошна тIе а хIоьттина, телефонца яьккхина ю.

Бакъду, Австралерчу журналистийн кара видео кхачале дуьйна а ю цунах тера видеош яьржина лелаш. Иштта девзаш а, каро йиш йолуш а ду аудиотоьшаллаш а. Кема чудаийтале а, герз тоьхна чудожийча а куьг-бехке болучара вовшашлахь рацешца а, телефонашца а дина къамелаш а ду девзаш.

Тахана дуьне деккъа цхьана президентийн, я церан баннийн карахь дац. Коьртаниг информаци ю. Ткъа иза, уггаре хьалха кхочий-те олий, интренете кхочу, цучухула яьржа миллионаш гаранашка.

Кхеташ ду, хир ю Гаагехь трибунал иза хуьлийла ца луурш Донбассехь, Кремлехь, я Киевехь мел дукха хиларх а. Окхур ду дуьненан кхело дуьненна дина зулам.

XS
SM
MD
LG