ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Курдойн тIемалоша шайна тIеэцна ши полисхо вер


Курдойн тIемалоша шайна тIеэцна Туркойчоьнан малхбалехь ши полисхо вер. Шемин дозанехь Iуьллучу Джейланпынар гIалахь кхаарийдийнахь карийна герз тоьхна вийна ши Iедалхо. Бехк тIеэцнарг дуТуркойчохь йихкина йолчу курдойн Белхан партин дакъа. Ши полисхо «Исламан Пачхьалкх» олучу тобанашца гергарлонехь хиларна, шаьш оршотдийнахь Суруч гIалахь динчу эккхийтарна бекхам беш вийна шаьш, аьлла курдойн Белхан партин декъашхоша.

Шемина гергахь лаьттачу туркойн Суруч гIалахь хиллачу эккхийтарехь велира 32 стаг. Оцу зуламна бехкенаш ДАIИШера тIемалой бу элира эккхийтарх лаьцна Туркойчоьнан премьер-министра Давутоглу Ахьмада.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG