ТIекхочийла долу линкаш

Шемарчу а, кхечу а Нохчийчоьнна а, нохчийн къоман хьашташна а генахь лаьттачу тIемашка а оьхуш, цигахь лечу махкахойх дог лозу ДегIастанарчу а, цунна гена бехачу а нехан. Цул совнха, оцу хьоло къам юьхьIаьржа хIиттадо дерриг а дуьненна хьалха, аьлла хетарш а бу дукха.

Кху тIаьхьарчу муьрехь лоьцуш а, хаддаза кхела хьалха хIиттош а бу, кхечу хийрачу пачхьалкхашкахь лилхинчу тIемаш юкъагIиртина а, цига кхача Iалашо кхаьбна а вайнехан кегийрхой.

Дукха нохчийн векалш жоьпе ийзийна, масала Шема а, Иракъ а пачхьалкхан эскаршний, Исламан пачхьалкх кхайкхийначу агIончашний юкъахь кхехкачу тIамехь дакъалацар бахьанехь. Цигара чевнаш йина а, вуьшта дохкобевлла а цIа бирзинчу дуккха а нохчийн кIентий, чохь такха хенаш а тухуш набахташка хьежийна меттигаш а ю. Изза хийрачу, шайн боцчу тIаме лестарца доьзна деккъа кху карахь долчу шарахь лоьцуш таIзарш дина Европехь бехачу иттаннаш нохчийн векалшна а.

Ма-дарра аьлча уьш лецар цкъачунна марсадалахь бен лахлуш а дац. Кху деношкахь хааме даьккхина Хонкар мехкан Шема пачхьалкхаца долу доза хадо лаам болу ши нохчийн кIант лаьцна аьлла, Килис цIе йолчу кIоштехь. И шиъ бехке веш ву талоран цхьаькхетаралла лоручу Исламан пачхьалкхан юкъахь хан яккхарна. Лаьцнарг цхьаъ Москохара нохчо ву боху, шолгIаниг - Соьлжа ГIалара.

Оццу Исламан пачхьалкхан декъашхойх веттаваларна Австри пачхьалкхехь набахте хьажийна нохчо Закриев Мохьмад а. Талламхоша цуьнан шина мобилан телпонаш чуьра юхадендина ши шо хьалха иза Шемахь хилар гойтуш эзарниш сурт-тоьшаллаш а, видеодIаяздарш а.

Лахарчу Австрин Лаьттан суьдо I5 сохьтехь, цхьа могIа тешаш а лебеш, дийцарш дIадехьначул тIаьхьа, кху Товбеца-беттан 2I –чу дийнахь чохь яккха 5 шо хан кхайкхийна Закриевна. Цунна санна,оццу Австрехь а, кхечу Европан пачхьалкхашкахь а генарчу тIама юкъагIертарна нохчийн кIенташна таIзарш дина меттигаш кIезиг яц.

Дукхахболчу нохчаша къобалдеш-м муххале а дац, сел челакха а хилла, Iаьрбоша шайлахь бечу тIамтIе хIиттар, мелхо а цара шаьш тIелаьцначу пачхьалкхашна ямарт хилар санна туьдуш хIума ду, бусалбачу наха вовшийн хIаллакъбечу девнан декъашхой хилар. Бераш долуш Европе дIа а ихна, цигахь кхиа а кхиийна, шайх адамаш дича, гIазот а хьехош йоху гIулчаш, зулам лоруш берш вайнахалахь чот йоцуш дукха бу.

Ишта боху цу хьокъехь хьехарчочо, ШуьйтIа кIоштерчу Атсаламов Идриса масала: “Де эшначу, гIаддайначу муьрехь нохчий тIелаьцна, тхов белла, даа-мала латтош бузийна, кога-тIе юьйхина, болх-некъ белла, берашка дешийтина – массо агIор гIо деш чу садаийтина. ТIаккха а ша тIелаьцначу пачхьалкх-хIусамдена ямарт а хилла тешнабехк муха бо? Ма гIертахь Iедалан пурба доцуш цхьана тIама юкъа а, ма гIохьа зуламан декъа а.

Далла гергахь а, нахана гергахь а, мичча тIегIане даьккхина оьзча а, дуьстича а ма дац и лартIахь. Хьо Iанне ца Iалахь, Iа а ца велла хьайна минга долуш делахь, тIамах бевдда бахана дIатарбелла,махках а бевлла гIийла дуьне дууш бохкучу кхечарна, хьайн Iовдал кхетам бахьнехь, хьовзам а ца боккхуш, бале а ца волуш, схьа цIа а волий, кхузахь, я кхузара дIагIой лахахь гIазотехь вала меттиг.

Леха а ца оьшуш кху цIахь дукха ма ю цу кепара «гIовгIане» Iожалла тIе а лаьцна «сийлахь» вала таронаш». Цу кепара кхетийра Европера а дIа оьхуш, нохчийн кIентий Юххерчу Малхбале тIаме эхар Соьлжа гIаларчу хьехархочо Атсаламов Идриса.

Европехь бехачу цхьаболчу нохчаша даре а деш, доьзалхой харц новкъа бовларан, цара шайна тилла, Iехаме Iалашонаш хIитторна, цхьана агIор хаъал бехк бу дайн-нанойн а. Стенна аьлча цкъацкъа, хьекъало сагатдеш доцчу дас я нанас, жигара дакъа а лоцуш, шен беран кхетаме дижадо, гIазотехь валар ирсе декъалхилар ду бохург, билггал и гIазот ду аьлла, шайга Делера хаам кхаьчча санна.

Ша инзаре цецьяьллера Францехь ехачу цхьана зуда- нохчийчо динчу къамелах элира соьга циггахь По гIалахь ехачу Фатимас. И ю дуьйцуш.

Фатима: «Шел ирс долуш цхьа нана хир яц бахара шен ши кIант гIазотан некъа тIехь лахь. Со чIогIа цецьяьллера цуьнан къамелах. И гIазот мичахь каро деза цу шина кIантана-м ца элира цо. Бен дац бахара ишта валар хилчахьана. Цуьнан орам-бух мичара бу-м ца хаьа суна. Тешна а цIера схьабеъна цо цуьнан орам аьлла хеташ ю со-м. Иза жима а ма яц . Шовзткъа шо-м хир ду цуьнан».

Цо ишта сонта къамел хазийча, йоккха йоллушехь ша иза вон човхийра боху Фатимас.

Фатитма: «Хьо хи сецна Iовдал а ю, хьо берийн нана хила хьакъ а яц! Сайн аьллар хилча ас уьш хьоьгара схьа а дохур дара. Хьо кхераме стаг ю. Суна дика дага ма догIу кхуза йогIуш хьо муха яра. Кху иттех шарахь кхара Iуналла деш, хьо юьзна хьераяьлла. Тхуна хьовзам а ца боккхуш, цIа а гIой, лехьа - гIазотехь а, машен кIелэккхий я маьнги тIера чукхетий а.

ХIинцачул тIаьхьа хьоьца тIекаренаш а,чукаренаш а ца оьшу суна. Нагахь тIейог1учу ханна со хьо йолчу ягIахь, я ас хьайга кхайкхахь а, хаалахь со лартIара яьллий».

Ишта хадам боллуш човхийна Фатимас Францера шен накъост. Цо дийцарца и цхьаболчу кегийрхойн хьекъалан к1орге йоцчу дас-нанас галбаьхна а бу, хIора денна а хьалха буьллу кхача санна, цу могIарера харц мехаллаш «хьалха етташ».

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG