ТIекхочийла долу линкаш

Дуьнено тидаме эцна, тергонехь латтодо дахначу шеран ГIуран-баттахь дуьйна лаьцна Азербайджанан журналист, бакъоларъярхо, Маршо Радион корреспондент Исмаилова Хадиджа набахтехь кхабар. Иза лацаран бахьанех а, шех журналистах а лаьцна артикл кечйина Маршо Радион корреспондента Рекнагел Чарлза.

2014-чу шеран Iай журналист Мустафаев Турал ша-шен вен гIоьртуче кхачийна цо, аьлла, лецира Исмаилова Хадиджа. Ткъа чохь яллош бутт баьлча, прокуратурано маситта керла бехк а тIебаьхьира цунна – алссам ахча доладаккхар, низамехь йоцу бизнес лелор, зуламе тIаьхьало а йолуш, белхан даржах пайдаэцар.

Адамийн бакъонийн тергоечу йозуш йоцчу Iамеркарчу Фридом ХIаус хьукмато дуьнене дIакхайкхийра, Азербайджано журналист Исмаилова Хадиджа набахтехь яллор политикан буха тIехь ду, аьлла.

Президентан Алиев ИлхIамна критика цатар буха а диллина латтайо Исмаилова Хадиджа набахтехь, президентан ницкъ бац шен пачхьалкхехь коррупци эшон а, харцонаш шен доьзалшка ца лелаяйта а, амма цо къуьйсу шена дуьхьаллатта ницкъ боцчу зудчуьнца, яздира хIетахь Фридом ХIаусан вице-президента Паддингтона.

Иштта орцахъюьйлу, Азербайджан нийсоне кхойкхуш, ХIюмен Райтс Вотч юкъаралла а, оцу пачхьалкхо «тIеIаткъамбо, набахте хьийсийна дукха а нах, бохуш.

Информацин агенталлан куьйгалхочо Алиев Мехмана чIагIдарехь, Азербайджанехь Iедална товш боцу журналисташ Iедал емалдина олий ца хьийсабо набахте, наркотикаш а тосий, тIебожабо харц бехк.

Цул совнаха, къийсам латтабо хаамийн гIирсашца царна гIуданаш деттарца. ГIуда хуьлу, боху Алиев Мехмана, журналист ша да мел волчух воккхуш, лакхара.

Масала, 500 евро алапа долчунна гIуда туху 5 эзар евро. Ткъа 100 эзар евро пайда бохьучу газетна тоьхначу гIудан барам миллион евроне а кхочуш хуьлу.

Маршо Радион корреспондент Исмаилова Хадиджа гоьяьлла шайн пачхьалкхера коррупци Iораяккхарца. Муьлхха а пачхьалкхехь Iедална муьтIахьвоцург жоьпе озаво Iедалдайша.

Дуккхаза кхерамаш тийсинера журналистана, амма ша осал яцаре терра, юхаяла ца туьгуш, набахте кхачаяйтина цо.

Кху кIиранах, иза лаьцна 7 бутт баьллачул тIаьхьа йолалуш ю цунна тIехь кхел.

Исмаилова Хадиджина бехкедо лакхахь ма-аллара, алссам ахча доладаккхар, низамехь йоцу бизнес лелор, зуламе тIаьхьало а йолуш, белхан даржах пайдаэцар. Ткъа ша журналиста бехк тIе ца лоцу.

2010-чу шарахь Исмаилова Хадиджас бинчу шен талламашкахь халкъе даьккхира президента Алиев ИлхIама пачхьалкхан «Азал» аваиакампани а, банк а шен йоьIан Алиева Арзун долаерзор.

2012-чу шарахь Маршо Радионо (Исмаилова Хадиджа декъахь а йолуш) Iорадаьккхира Азербайджанехь Евровидение дIаяхьа кечъечу гIишлойн проекта тIера Алиевн доьзало, зудчо а, шина йоIа а, 134 миллион доллар саэцна хилар.

Иштта довзийтира Исмаил Хадиджас Азербайджанехь деши карийча, и маьIда даккха бакъо а Алиев ИльхIаман доьзална еллийла.

ДуьнентIехь коррупци толлучу журналистийн юкъараллан куьйгалхойх волчу Салливан Дрюс иштта дуьйцу Исмаил Хадиджех лаьцна.

Салливан: "Исмаилова Хадиджа цхьаъ ю уггар хьалха Алиевг1еран доьзалаш ма барра бовзуьйтуш, мехала бу цо бина болх. 1едало даима а санна ша хестадо, халкъ теша а деш, ткъа цо гайтина иза ма-дарра. Хьаькамаш оццул шога журналистаца хиларо гойту, мел мехала бу бина болх а, и дерриг бакъдуйла а».

Салливана дуьйцу, Исмаил Хадиджина юьхьанца ша АлиевгIар Iорабахайолалуш а хаьара иза шена кхераме дуйла, бохуш

Салливан: «Цунна хаьа Азербайджанан куьйгалхой вовшийн сакхташ лечкъа а деш, белхаш беш буйла. Цунна х1ора а дика вевза. Цунна хаьара уьш мел къиза бу а, саьхьара бу, шайн некъ хадийча цара могуьйтур дацарий а. Церан харцонаш гучуяхайолаелча, цунна хаьара ша кхоор йоцийла а, шех къинхетам бийр боцийла а, амма х1етте а болх ца сацийра. И ю-кх майралла, къонахалла!»

Амма журналисто шена тIебозабелла лаьтта кхерам а ца лоьруш болхбира шена кхерамаш юьхьдуьхьал а, кехаташца а туьйссушехь. 2012-чу шарахь цо шен цIахь ша шена, шен чохь, эвххьаза дIаязйина хилла видео лачкъийра. Юха иза нахала а йохуш, хьакамаш гIиртира Хадиджа шайн къоланаш Iорадохучуьра сацо.

Цхьана а и санначу некъах пайда ца баьлча, Исмаилова харцонца къийсалучуьра саца ца тигича, лецира, доцу бахьана хьалха а даьккхина. Цу лаццарх ю хIинца кхела хьалха юьгуш а.

Ах шо хьалха Маршо Радион Бакохара хIусамна тIелетира Азербайджанан Iедал, аьлча а, низамхоша дIадаьхьира цучуьра кехаташ, журналистийн белхъан гIирс, дихкира царна орцахбовла адвокаташна а. Оцу бахьанийца Бакохара шен журналисташ Праге коьртачу офисе дIабига дийзира маршо Радион.

Иштта ю Маршо Радион корреспондента Рекнагел Чарлза кечйина артикл.

XS
SM
MD
LG