ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европа. Иза муха го цигарчу а, даймахкарчу а нохчашна?


Полша --Дуьненаюкъарчу нохчийн кегийрхойн кхеташонехь, Пултуск гIала, 16Гез2010
Полша --Дуьненаюкъарчу нохчийн кегийрхойн кхеташонехь, Пултуск гIала, 16Гез2010

Оьрсийчоьнера къизалла ца лан, генна юьстахбевллачу нохчаша шайн таханлерчу дахарх лаьцна кест-кеста дуьйцу Маршо Радионехь. Ткъа муха го цаьргара хьал Нохчийчуьрчу бахархошна, церан гергарчарна?

Дахарехь зеделла бакъдерг ду муьлхха хIума а дустарца дика довзар а, кхето, мах хадо атта хилар а. Цу дустарца мах хадорехь Оьрсийчохь дехачу къаьмнаша цхьа туьйранера, кхечу дуьненера хиламаш санна тIеоьцу Европан пачхьалкхашкахь,нийсонан,бакъонан бух тIехь кхоьллина дахар а, адаман хьашт-дезарш листарехь, цуьнан терго,лерам барехь,шайн халкъийн леш хилла Iедалдайша йоккхачу самонца хьанала къахьегар а. Цунна тешаш бу эзарнашкахь Европан пачхьалкхашкахь беха нохчий а.

Диъ шо ду Теркйистерчу Лаха-Неврера Эльмурзаев Висита шен доьзалца Фаранцехь дIатарвелла. Мархин баттахь вочу лазаро лаьцна, хеназа кхелхина кIант валош цIа веънера иза а,цуьнан хIусамнана а. Цигарчу дахарх, хIусме беъна бохаман бала байбеш шайна Iедало а, наха а гIо дарх дуьйцуш ду Висита а,цуьнан хIусамнана а.

Висита: «Цигара дахар адамийн хьашташ кхочушдеш дахар ду. Хьо Iедало цхьана а кепара лахвеш вац. Хьаькам велахь а, хьолада велахь а адамалла хаало-кх хьуна массаьргахь а. ХIора дийнахь,хIора сохьтехь мискачеран терго йо-кх цигахь. Мел доккхуш долу низам нахана пайдехьа хилахьара бохуш доккхуш ду. И шайн дуьхьа даьккхиний а хууш лардеш а ду наха шаьш. Цара кхечаьрга а лар а дойту. Iедало тIетеIо оьшуш а дац уьш ларде бохуш».

Маршо Радио: Хьуна тан а товш, хьо реза а йолуш и кIант цомгаш хилча а.дIаваьлча а..

ХIусамнана Лида: « Реанимаци чохь вара и кIант. И чIагIвелчахьана а тхан чIогIа терго йора лоьраша дарбанан цIийнехь. ТIаьхьа мел веънарг чу а витора цхьа-а дуьхьало ца еш. Массо кепара гIо-накъосталла дора. Ур-аттал еса деша стаг а шаьш валор ву бехира, нагахь шу вацахь.

Лоьраша дукхахберш къона бара тIаккха а мара а бетталуш,тхан догьэца гIерташ саготта хьийзира уьш. Валлай доккха накъосталла дира нохчаша а. Цигга дарбанан цIийнехь чоь юьззина дIа гулбелла еса дийшира. Дийцина ца валлал гIо-м дира…»

Висита: «Къаьсттина де доьхначу стеган терго еш чIогIа хьовсу лоьраш. Чехка-чехка каде хьовсу уьш. Стресс,хьуна хилла ницкъ байбан гIерташ,тIаьхьло йоцуш дIадерзийта,психолог а лоций готте-м хьийза.

Ахь зIе тохарций орцаллин машен схьайогIу,гена меттиг елахь беркема догIу. Хьуна там берг-берг леладо-кх цара. Ур –аттал берийн самукъадаккха жухIаргаш-м балабо-кх цара. Церан самукъаненна мел гена а дIадуьгу цара лазарца долу бераш. Кху ОЬрсийчохь ишта хьелаш делхьара нах дIа а оьхур бацара. 80% адам цу дарбанна дIаоьхуш ма бу.

Цигахь дIатарбелларш юха цIа ббогIур бу аьлла суна-м ца хетта. Берана деша меттиг ю,дешна бевлча болх бан меттиг ю. Доьшуш а,балха хIуттуш а кху цIахь санна ахчанаш кхийдо ца оьшу. И кхетам цигахь бан а бац».

Европан а,кхузара а дахар дустарца соьца къамелаш динчу Теркйист кIоштан Лаха-Неврерчу Эльмурзаев Виситас а,цуьнан хIусамнанас мел дийцинарг бакълена а хетало цхьа кхечу дуьненера, Оьрсийчохь хиллане а хила тарлуш доцчу хиламех тера бакъдерш.

Кхузахь, Оьрсийчохь а,цуьнан кIошташкахь а, къаьмнаш шайн дуьхьа деха а ца моьттуш, харцонаш а ца лелош, цу къаьмнийн леш хилла бецаш Iедалдай а болуш, мацца а цкъа синтеме дахар хир ду ала а ца хIуьтту дукхахболу бахархой.

XS
SM
MD
LG