ТIекхочийла долу линкаш

ДжихIадхошка сагIадеха декхаре хилла иракъхой


Цхьаьнакхеттачу Къаьмнийн организацин Иракъерчу векало Кубиш Яна хаамбина, дуьнено гуманитаран гIоьнна хьежаде рицкъ лахдалар бахьана долуш мацалла яьржаш ю иракъхошлахь, царна «Исламан Пачхьалкхан» тIеман тобанера гIодехар бен ца дуьсу, аьлла.

Иракъан кхоалгIа дакъа дIа а лаьцна, Мосул гIалех шайна шахьар а йина Iачу жихIадхошкара даа-мала доьху дуккхаъчу иракъхоша, и хьал баледер ду дуьненна, боху Кубиш Яна.

«Исламан Пачхьалкх» олучу тобанашца 16 батте а яьлла лаьттачу конфликтехь велла 15 эзар маьрша вахархо, лазийна 30 эзар. Кубиша дийцарехь, 8 миллион сов иракъхо ву джихIадхоша дIалецначу къошташкахь, царех хIора воьлгIачуьн деза кхачанца а, молханашца а гIо леха.

3 миллион вахархо веха шен хIусамера ведда, ткъа совдуьйлу «Исламан Пачхьалкх» тобано нахана ден зенаш – кхин а миллион вахархо мухIажир вала тарло тIедогIучу беттанашкахь а, аьлла Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин Иракъерчу векало.

XS
SM
MD
LG