ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гуьржийчоь пачхьалкхашца хьошаллаш чIагIдеш ю


Гуьржийчоьнан тIеман министра Хидашели Тинатина шайн мохк Оьрсийчоьнца дипломатин тIамехь бу, шаьш пачхьалкхан цхьаалла къуьйсу Кремлца, аьлла дIахьедина Маршо Радионехула. Кхаарийдийнахь ша еллачу интервьюхь Хидашелис бохура, Оьрсийчоь шеца гергарлонехь хиллачу пачхьалкхашца эгIаш схьайогIучу юкъанна, Гуьржийчоь пачхьалкхашца хьошаллаш чIагIдеш а ю, и некъ цхьаммо а шайна боьхкур а бац.

Шаьш сатуьйсу, бохура Гуьржийчоьнан тIеман министра, шайн мохк Европан декъабахаре а, Оьрсийчоьно шайгара дIадаьккхина ши дакъа, Къилба ХIирийчоь а, Абхази а, дIахецаре а. 2008-чу шарахь дуьйна лаьтта оьрсийн эскарш Гуьржийчу богIучу оцу шина махкахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG