ТIекхочийла долу линкаш

Шувалов Игоран Лондонехь, Австрехь, Дубайхь виллаш ю


Оьрсийчоьнан премьер-министран гIовсо Шувалов Игора Лондонехь эцначу цIийнан мах 700 миллион сом гергга бу, цунах цо Британин бюджете лучу йолан барам 80 миллион соьме кхочу, аьлла даржийна вевзашволчу оппозиционера Навальный Алексейс шен сайтехь.

Цо бахарехь, Шуваловс нахера схьаэцна, ша мехах шегахь латтош санна хIиттийна кехаташ, ткъа иза оцу цIийнан долахо ву. Цул совнаха, Австрехь а, Дубайхь а ю Шуваловн виллаш, уьш а ю цо ша нахера мехах лаьцча санна дIаязйина, боху Навальныйс.

XS
SM
MD
LG