ТIекхочийла долу линкаш

"Арахьара агент" цIаро шаьш сийсаздеш хета бакъоларъярхошна


«Арахьара агент» статус тIе а кхоллина, шаьш сийдоцчу дохуш ю пачхьалкх, оцу хьолехь шайн болхбойла дац, бохуш, дIакъийлалуш ю Оьрсийчуьра дукхахйолу адамийн бакъонаш ларъеш яьхна юкъараллаш. Муха го шайгара хьал шаьшна бакъоларъярхошна?

ТIаьххьарчу ткъа шерачохь, Оьрсийчоьнан бахархошкара дIа а йохуш, Кремло шен караэцначу бакъонийн чот бIеннашкахь ю. Дашна ала, мехкийн дай халкъе а ца хоьттуш хIиттор а, нахана хетарг парггIат зорбанехь, митингашкахь къадо дехкар а, иштта кхидIа а.

Оьрсийчоь шогачу хотIе йигина Кремло низамхойн кара доза доцу бакъонаш яларца а, цара нахана Iаткъамаш бар далхош хьийзинчу бакъоларъярхойх «арахьара агенташ» барца. Ткъа бакъоларъярхошна оцу цIаро шаьш шпионийн могIара а дохуш, сийсаздеш хета.

Оьрсийчоьнан юстицин министралло стохка тIеийцира йозуш йоцчу, кхечу мехкашкарчу, шаьш санначу юкъараллашца зIе а кхобуш, болх бечу хьукматех «арахьара агент» олу низам. Иза юкъадаларцана долийра уггаре хьалха адамийн бакъонаш ларъен юкъараллаш оцу цIара буха хIитто, царна тIеIаткъамаш бан.

Масала, Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн организацин цIарх кхоллаелла «Iазапна дуьхьало ярна комитет» Нохчийчохь болх бан йолаелла 2009-чу шарахь, нохчийн бакъоларъярхо Эстемирова Наталья йийначул тIаьхьа дуьйна.

Юьхьанца мелла духьало йоцуш къахьоьгура Каляпин Игор коьртехь волчу оцу юкъаралло. Кадыров Рамзанан гонаша хьийзочу дуккхаъчу нохчашна накъосталла а хилара цаьргара.

Оцу комитето полицин, Талламан комитетан, прокуратуран бехахошкара шерашкахь йийлина харцонаш, къизаллаш гIарайохура, мискачу нехан хьоьшу бакъонаш меттахIиттайора. Хийла нохчийн жимстаг къизаллах хьалхаваьккхира цара. Масалш дуккха а ду.

Дахначу шеран ГIура-баттахь гIаттамхоша Соьлж-ГIаларчу Зорбан цIенна тIелатардинчул тIаьхьа Кадыров Рамазана оцу тIемалойн гергарнаш хIусамашкара ара а кхуьйсуш, церан цIенош дагор цхьана а низамаца догIуш дац, аьлла, церан агIо лаьцначу дийнахь дуьйна «Iазапна дуьхьалояран комитет» мостагIийн могIаре хIоттийра Iедало.

«Нохчийчоь балех хьалхаяккхаран комитет» Нохчийчохь шолгIа тIом болалушшехь нехан бакъонаш тергоне ийцира. Эзарнаш адамаш эскарша къиза хьийзор, дайар, лечкъор Iорадаьхна оцу юкъаралло. Нохчийчохь цъкачунна юсуш йолучу массех бакъоларъяран хьукматех ю и комитет.

Гуш ду, Оьрсийчуьрчу бакъоларъярхошна шайх Iедало «арахьара агент» алар «диверсант», «шпион» санна тIеоьцийла, оцу бахьанийца шайн болх а битина, дIакъовлаяла гIертар.

Стенна ца тов царна и керла цIе-статус, хаьттира Маршо Радионо «Нохчийчохь барт чIагIбаран комитет» хIинца шен юкъараллах олучу Бадалов Руслане.

Бадалов: «Массо а хIума дихкина ду тIаьххьарчу заманахь. "Арахьара агент" цIе тиллина долу Iедал, соьга хаьттича, шаьш хета суна «Иностранный агент». Хьо бакъонна, нийсонна тIе кхийда воьлча, долу хIума ма-дарра дийца воьлча, цара ишта цIе кхоьллина. Даима а ишта хилла а ду.

Хьал ма-дарра дийца воьлча, МВД хуьлда иза, ФСБ хуьлда иза, прокуратура хуьлда иза суьде кхуьйкхуш дийнахь а, буса а, болх бан муххале а ца дуьтура. Нехан пачхьалкхехь долу хIума эхь ца хеташ дуьйцу, и Iалашо чIогIа ю кхеран, шаьш лелориг къаьхьа де ду. Бакъо, нийсо юьйцуш верг экстремист лоруш зама ю-кх хIара»!

Дика ду, дIакъовлаели Iедало шен бIаьрга иккхина нех санна шаьш лара а хетта бакъоларъяран юкъараллаш. Ткъа стенга даха деза цул тIаьхьа цхьа а терго а йоцуш Iедало кхидIа а хьийзочу бахархойн къа? Нийса дуй те уьш, хьалха шаьш адамийн бакъонаш а санна, хIинца шайн бакъонаш къовса а ара ца йовлар, цхьана а кхетта?

Оцу хаттарна жоп Бадалов Русланан иштта ду.

Бадалов: «Ца тулуш тIом дуьненахь хилла а бац. Коьртаниг хIун ду, Москвахь ю коьрта юкъаралла, цигахь дуьненахь гIаравевлла юкъараллаш ю, хьалха бевлла уьш болуш, регионашкахь берш тIаьхьа а хIиттина цара массара а цхьаьний болх бан беза-кх оцу тIехь. ТIаккха бен хIума къовсалур а дац, толам а баккхалур бац».

Цкъачунна Оьрсийчоьна бахархойх дукхахберш, социологин центрийн талламаша гайтарехь, реза бу Кремле шайгара массо а тайпа бакъонаш дIаяхийта. Иза Малхбузенна хIуттаренна деш ду, дика а до, боху дукхахболучара. Ткъа кхана, оцу хьолан ирча тIаьхье халкъана а, пачяхьалкхана а балеяла йоьлча?

И санна хеттарш дац таханенна модехь. Тахана коьрта лору Кремлна муьтIахь болчу бахархоша Малхбаленна дуьхьаллаьттачу шайн президентна герга латтар. Амма кхана? Кхана хьекъалебахка тIаьхьа хила а тарло...

Кхунах тера

XS
SM
MD
LG