ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Йолош ю Исмаилова Хадиджина тIехь кхел


Маршо Радион Азербайджанерчу «Азатлыг» декъерчу журналистан Исмаилова Хадиджин кхел йолалуш ю Бакох. Суьдхоша сацамбина кIира даьлча дов долон. Ша къоланаш дина, ял дIа ца луш лелла, аьлла, тIебеана шена бехк, иза политикаца бозу, ша хIуманна а бехке яц, боху журналисто.

7 баттахь лаьцна латточу Исмаиловас ша набахте кхачош ю президент Алиев ИлхIамна ша ца езарна, журналистан декхарш шега кхочуш ца дайта, бохура кхелехь. Иза чуйоьллинчуьра дIа а хецна, кхеле цIера тIелелийтар дийхира адвокато, амма тIе ца эцна. Дов хоттуче ца битина, цига баьхкина иттаннаш журналисташ, бакъоларъярхой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG