ТIекхочийла долу линкаш

Адвокат: Харцонца вийна Ставрополерчу полицино Дадаев Джамболат


адвокат Садаханов Зоврбек

адвокат Садаханов Зоврбек

Къовсаме даьлла лаьтта Дадаев Джамбулат верах долу дов. Талламан комитетний, Нохчийчоьнний юкъахь. Москох бакъбина Соьлжа-гIалахь Дадаев вийна Ставрополера полисхой. Амма реза бац вийначун гергарнаш. Адвокатехула къовсабала дагахь бу уьш кхелехь. Маршо Радиоца къамелехь ву адвокат Садаханов Зоврбек.

Ставропол кIоштера полисхоша Соьлжа-гIалахь Дадаев Джамболат вен ма вийннехь, Талламан комитетан Нохчийчуьрчу декъо, меттигерчу Iедало дина дIахьедар юьхьара а оьцуш, хиллачун хьокъехь таллам болийра.

Амма дIакъевлира гIатторцана и гIуллакх. ХIунда къевлина, иза хIунда ца толлу, аьлла дахьийтинчу хаттарна жоп даийтина кху деношкахь Оьрсийчоьнан Талламан комитето Соьлжа-гIала. Дадаев Джамболат вийна полисхой бакъбо цо. 30 агIо ю жоьпан. Дадаевн гергарчийн адвоката Садаханов Заурбека довзуьйту шен резавацар иштта.

Садаханов: «Талламан комитето бина сацам тхуна нийса ца хета. Арздеш кехат чуделла оха Соьлжа-гIаларчу Ленинан кIоштан кхеле. КхидIа хIун эр ду хьовсур ду вай. ТIаьххьара дош кхелехь ду. Тхуна цхьана а агIор талламан комитето бина сацам низамехь ца хета. Ставрополерчу полисхоша «Полицех долу низам» а дохийна, шайн министраллан омаранаш а дохийна, маситта. Шайн бакъонел сов а бевла, цара динарг зулам хета тхуна».

Ставропол кIоштарчу полисхоша стаг вер шайна нийса хIунда хета хоуьйтуш, бахьанаш а даладо талламан комитето шен сацамехь. Цо бахарехь, ша схьалоцуш вуйла ма хиъинехь, Дадаев Джамболата шен машен тIехаьхкина низамхошна, иштта тапча а яьккхина хилла цо, боху цара. Дуьйцучун бух бац боху адвоката Садаханов Заурбека.

Садаханов: «Суна иза «элира-бохура»хета. ХIоттийначу схемига хьаьжча а го, леринчу тобанера полисхой чохь хиллачу машенан кхечу агIор схьайоьгIуш хилла Джамбулатан машен иза чухиина Iийначу агIонан неI. ТIаьхьа герз а тоьхна цунна. Иза шена кхетча, синкхетамера ваьллачул тIаьхьа кхетта цуьнан машен полисхошна тIе. Цуьнгахь герз хилла боху, схьагуш тоьшалла а дац. Iедал белхахоша дерриг а шайгахьа дуьйцу.

Оьрсийчоьнан ницкъаллин структурийн цкъа а Iедал ца хилла шайгара яьлла ледарло тIелоцуш. Изий бен кхин бахьанаш дац полисхоша лелочу харцонна духьал далон».

Дадаев Джамболат вийра бIаьстенан йоьххехь. Ша вехаш а, болх беш волчу Ставрополехь цхьана дагестанхочуьнца дов а даьлла, ша цунна тапча тоьхна, иза лазийча веанера иза Соьлж-ГIала ханна. Ставрополерчу аолицино лаха кхайкхийна а хилла. Соьлж-гIаларчу шен хIусамехь вехаш Iачу муьрехь луларчу махкара баьхкинчу полисхоша вийра иза.

XS
SM
MD
LG