ТIекхочийла долу линкаш

ДАIИШна а, курдойн тIемалошна а тохарш дийр ду Туркойчоьно


Туркойчоьно кхозлагIа авиатохарш а деш, шен эскарш духьалдаха сацамбина Шемарчу а, Иракъерчу а «Исламан Пачхьалкх» тобанашна.

Оцу хьокъехь дIахьедина Туркойчоьнан премьер-министра Давутоглу Ахьмада шоьтадийнахь. «Тохарш ханна деш дац, Туркочоьнна тIехь лаьтта кхерам дIабаллалц дийр ду» - аьлла Давутоглус.

Шоьтан буса Иракъан къилбаседанерчу курдойн Белхан партерчу тIемалойн 7 куьпана тохарш дина туркойн кеманаша. «Исламан Пачхьалкх» тобанаш санна шайна кхераме лору туркоша курдойн Белхан партин тIеман дакъош а.

XS
SM
MD
LG