ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь лаьттинчу шина тIеман дарашлахь бу масийтта эзар нохчийн тоьлла къонахий. Дукхахберш царех набахтешкахь бохку тахана. Цхьаберш хан текхна бевлла. Набахтера араваьлла нохчийн тIемало наггахь а ца соцу шена оьмар кхачаяллалц кхерамехь лаьттар йолчу Оьрсийчохь.

«Итт бехкениг маршонехь витар тоьлу, цхьаъ бехкевоцург чувуллучул», аьлла тоьллачу Iамеркарчу юриста Вильям Блэкстона.

I994-гIа шеран Iа. Нохчийчохь болало тIом. Телевизионехула, арахь гуламашкахула кхайкхамаш бо: «Арадовла, къонахий, тIаме мостагI эшон, дIахеца зударийн кучамаш!»

Эзарнаш нохчийн яхь йолу кIентий цхьабоса гIовтту, кара герз оьций, Даймохкана орцах. Цхьаберш эга тIамехь, вуьйш тIепаза бов, кхоалгIа дакъа лаьцна набахтешка хьажадо.

Орцадохуш хьийзинчех дукхахберш тахана Кремло шен турпалш лоруш, цунна беза нах бу. Ткъа шайн кхайкхамаша гIовтторха, хIинца а балаза бисинчу, къайлах-къулах къийсалучу хIетахьлерчу шайн накъостех тахана цара «шайтIанаш» олу.

Бахьана долуш а, доцуш а набахтешка хьийсийначех ву Ваутерс Артур ( Иза Европехь цунна деллачу кехаташ тIера цIе ю). Итт шо текхна цо Оьрсийчоьнан лагершкахь. Текхна деккъа дIа даймехкан тIаме хIоттарна, нохчаллах вуьззина ша хиларна.

Маршо Радионо цунах масал а оьцуш, дагадоуьйту ладогIархошна тахана нохчийн къомана совбевлла, докккхачу декъо дIатесна бехаш дуккха а къонахий буйла.

Пятигорскерчу кхело итт шо хан а тоьхна, набахте дIахьажош ша аьлла тIаьххьара дош дагалоьцу Артура.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG