ТIекхочийла долу линкаш

Шарахь цкъа-шозза цIа а оьхуш, гергарчаьрца,марзо ца хадош, уьйр-юкъаметтигаш лелайо Европехь ирс-аьтто карийначу вайнаха. Бакъду къамеле баьхча царлахь наггахь стаг а ца караво хьажа-хIотто доцург цIа верза лаам болуш. Стенна ца лаьа царна цхьана ханний бен Даймахкахь совца?

Кху тIаьхьарчу шерашкахь шатайпа ламаст а хилла дIахIоьттина марха досту денош герга кхачарца, Европехь беха нохчий цIа эхар. Харц хир дац уьш эзарнашкахь цIехьа таттало аьлча а.

Тамаше хеталург ду оцу хийрачу мехкашкахь дерг дош а дац, шен Даймахкахь гIоле ду, дахар а ду башха, ног етташ кхехкаш, заздоккхуш толуш, аьлла, дош хазош стагга ца караво хьажа-хIитта баьхкинчарлахь.

Мелхо а царлахь жимачо а, хенарчо а олуш дерг, вовшашца барт бича санна тера догIуш къамелаш ду. «Ма дика ду тхан кхузахь Iа ца дезаш! Галдалахь бен лартIа догIуш дац шу дахарра-м.СинпаргIато яц шу кхузахь»… ишта кхин дIа а.

Герггарчу барамехь цу кепара къамелаш хазадо Европерчу хьешаша. Кхузахь цIахьбисар хьахаделча, сел чIогIа бIокъажийна стенна хьийза Европера нохчий? Оццул маьттаза,гIаддайна а ду те Оьрсийчоьнан кIошташкара Iар-дахар? Цу а, кхечу а хеттаршца йоьзна шен дог-ойла йовзуьйтуш ю Фаранцера По гIалара еъна Хабаева Хатимат.

Дуьненахь воуьйтур вацара ша шен виъ кIант гуттаренна а кху цIа боху Хатимата. Цо кхеторехь церан дахар тIекIалтухуш, хIаллакдеш боккха бохам-катастрофа хир яра иза тIаккха.

Хатимат: «Кхузара нах хала бохку. Кхана доьзална ас хIун яо еза те аьлла де токху кхузахь. Цигахь и аьттехьа а дац. Юург-мерг цигахь кхачо йоллуш ю. Хьуна цхьа даккхий цIенош, еза машен а езахь ахьа тIетаьIIина къахьега деза. Ткъа ахь долчуьнан тоам бахь вай цIахь санна даа-мала латто гIерташ корта кегго ца оьшу цигахь.

Сан виъ кIант ву уьш цIа боьрзур бу аьлла суна-м ца хетта. Я уьш цIаберзо гIерташ сингаттам соьгахь а хир бац. Суна кхераме хета сайн бераш кхуза схьадалор. Бахьанаш дукха. ХIун хир ду те, хIун хила доллу те? Хаза Iаш ду-кх вай аьлла паргIат дац кхузахь дахар…»

Нохчийчохь долчу дахаран теш а хилла, ярташкахь бехачу дукхахболчарна а ца хета Европехь дIа а тарбелла, болх-некъаца аьтто а хилла бехаш берш гергарчаьргара хьал-де хаий бен цIа бахка оьшу аьлла. Австрехь йоI а, Бельгехь шен доьзалций кIант а ву Новр кIоштерчу Асхьаба. Цунна хетарехь цхьа коьртана галваьлла воцург гуттаренна а юхавоьрзур вац Европера.

Кху марха достучу деношна лерина шайн юьртара дукха нах баьхкинера марханаш къобалдан, царех цхьаъ ца карийра суна юха Европе дIа ца ваха Iалашо йолуш боху Асхьаба.

Асхьаб: «Сайн амал а долуш ас-м балор бац уьш цIа кхин хийцам ца хилахь. Хьаькамаш шайна бу, нийсо яц, озабезамаш а беш, шайниш балха хIиттабо. Кхинарг дIахIоттахь а и бан ца вуьту. Ас я кхечо хIокхунна со реза вац аьлла бакъдерг дIаала маьрша дац, тIепаза войур ву, даьлла хIума а доцуш лаца тарло.

ЦIа баьхкина дукха бу, амма дIагIур вац ша бохуш-м вац стагга а. Кхузахь долчу хьолаца кхузткъара ваьлла стаг вала веза хьал ду-кх. Балхара дIабохуш бу 60 шо кхаьчнарш. Европехь санна луш пенси а, пособи а хилча цIахь мила Iийр вацара? Самукъане лелаш ма бац баккхийнаш. Валлай ас-м балор бац».

Жимма а ахкаме ваьлча къастам боллуш билгалдолу Еврпехь бехаш берш а,дийцарехь а доцуш кху цIера дахар чуьра девзаш а берш, Iедалан тIегIанахь туьйранашкахь дуьйцучу дахарх а цуьрриг а баккхийбеш бац. Чот йоцуш дукха бу таро елхьара дазонал дехьа бовла салаьтташ берш а.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG