ТIекхочийла долу линкаш

Iамерко зен беза Иракъера а, Шемара а кхерам


Иракъерчу а, Шемарчу а «Исламан Пачхьалкх» тобанашний, курдойн Белхан партерчу тIемалошний стигалхула дечу тохарша хийца тарло регионерчу хьелийн сурт, аьлла Туркойчоьнан премьер-министра Давутоглу Ахьмада шайн махкарчу газетийн редакторшца къамелдеш оршотдийнахь. «ХIурриет» газето даладо Давутоглус Iамерко жихIадохошна ечу дуьхьалонах лаьцна аьлларг а. «Штаташа зен беза кхерам ма-барра, цуьнга хьаьжжина хийца еза шен позици а,» - боху туркойн премьеро.

Цо бахарехь, Туркойчоьнан яц гIаш-эскарш Шема хьийсо Iалашо, иза реза ву Iамеркахошна хетачуьнца – кеманашца тохарш деш чоьте эца деза Шемахь Асадан ражна дуьхьал тIемаш беш дуьнено лан тору ницкъаш а хилар. Кхаа дийнахь-буса Иракъан къилбаседанехьа жихIадхошна а, курдойн тIемалошна а тIе ракеташ йиттина туркойн кеманаша. Дозанерчу Диярбакъир гIалахь курдойн тIемалоша шайн цхьа эскархо а вуьйш, виъ лазийча долийна Туркойчоьно тIеман тохарш.

XS
SM
MD
LG