ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Лондонерчу кхело левийр ву Ковтун


Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисехь болх а бина, Британехь тхов-кIело карийначул тIаьхьа, диссидентан новкъаваьлла хилла Литвиненко Александр 2006-чу шарахь цIеххьана валар толлучу Лондонерчу кхеле ша левайта реза хилла тахана совдегар а, хьалха Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисехь болх бинаа волу Ковтун Дмитрий. Суьдхочуьн Оуэн Робертан дегайвхо ю шинарийдийнахь Ковтун ша вехачу Москохара видеозIене вериг хиларх, хаамбо Би-Би-Си-но. Ткъа ша Ковтуна аьлла оццу хьостане, шен цкъачунна зIе ца хилла дов тергонехь кхобучу Оьрсийчоьнан Талламан Комитетца, шена ца хаьа хIун дийца мега, я ца мега Лондонерчу суьдхошка.

Британин Iедалан шеконехь ву Ковтун Александр, цо кхечу оьрсийн къайлахчу сервисехь болх бинчу стагца – Луговой Андрейца цхьаьна, вен Iалашонца полоний-дIовш малийна хила тарло Литвиненко Александрна, боху ингалсхоша. Ковтун кхелаца юкъарло лелон резахилар дозу деккъа цхьана хIуманца – цунна ша бехказа ваккхархьама кхелера алссам информаци схьаэца лаа, аьлла Литвиненкон доьзалан адвокато ХIоруэлл Ричарда.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG