ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхуьуш бу "Арахьарчу агентийн" могIарш


Нохчийчуьра бакъоларъяран а, юккъараллийн а организацеш а ю тахана Iедалша дIакъовла хьийзош. ЦIеххьана, церан белхан талламаш а бина, Москох дIадахьийтина кехаташ. Юкъараллан белхахой сатийсамашца беха вердикте хьоьжуш. «Арахьара агенташ» ду шаьш я дац ца кхеташ.

8 цхьанатохаралла ю, тидаме эцнарг Оьрсийчоьнан юстицис, Нохчийчохь долчу декъо а, прокуратуро а цхьамоггIа талламаш бина церан белхан. Гулдина долу жамIаш дIадахьийтина Москох. Цигахь хадор бу церан кхидIа болу кхоллам.

«Кхечу пачхалкхан агенташ» аьлла цIераш тахка мега, нагахь санна церан балхаца политикан бух гахь, ткъа ца гахь, болх кхин дIа а байта мега. Амма хIинцалц схьагучу суьрто гойту, иштта йюьхьарлаьцна йолу юккъараллийн цхьанатохараллаш, цхьа тIаьхьало йоцуш ца хуьлу.

Талламан кIела яхана ю, кхечу цхьанатохараллшна юккъехь «Синтем» цIе йолу, зударшна а, зудабершана а, кху халчу заманахь юккъараллехь шайн меттиг дIалацарехула гIо деш йолу цхьанатохаралла. Цуьнан куьйгалхо Айрапетян Иннас, иштта элира Маршо Радиога.

Айрапетян: «Официалан реестрехь тхо дац. Иза рогIехь а боцу таллам бара, юстицин министралло дIабаьхьна болу. Прокуратурица цхьана бара иза. Прокуратуро цхьайолчу цхьанатохараллашка тIедожоран кехаташ делла. Ткъа юстицин министралло, рагI а йоцуш бечу талламан акташ делла. Цу тIехь, хIора актехь массийта кхачамбацар бигладаьккхина ду. Уьш Москох дIахьажийна. ХIинца цигара сацаме хьоьжуш ду тхо. ХIунда аьлча, реестр юккъе тхо дахийта Москохан бен бакъо яц».

Тахана «Кхечу пачхьалкхан агенташ» аьлла цIе ца тиллинехь а, куьйгаш охьа а дахийтина Iаш бац Нохчийчуьра юккъаралхой. Кхана-лама и гIуллакх шайна дика доцучу агIора дерзахь а, аьлла, кечамаш беш бу цара, низамехь ма доггIу, шай бакъо толо. Цхьаболучара хIинцале адвокаташ лоьхуш бу, бохуш, кхин дIа а дуьйцу Айрапетян Иннас.

Айрапетян: «Тхо а ма даций, хIумма а ца деш хевшина Iаш. Тхо дагадодвлу юристашца а, адвокаташца а. Цхьаболчу адвокаташца хIинцале барт беш ду тхо. Иштта дагадовлу тхо реестр юккъе баханчу тхайн белхан накъосташца а. Тхо иштта Iаш ма даций. Тхайн хааран барам лакха а баьккхина, цуьнах тхайн кхерамазалла еш ю оха. Ас эра дара, тхан дуккха а накъосташа, гIо а до, муьлхха а оьшу информаци а ло тхуна».

Шайгара гIо хиллачарах а, белхан накъостех а, гIортор хуьлу, юстицийн министраллин талламан кIела баханчу нохчийн юккъаралхошна. Иштта шайна тосаелла юккъаралца йолу шай юханехьа зIе. Оцу хIумано шайна ницкъ а, тешам а ло, шайна гонахь яьлла йолу гIовгIа йоьрзург хиларна, аьлла, билгалдоккху «Синтем» цIе йолчу цхьанатохараллин куьйгалхочо Айрапетян Иннас.

Айрапетян: «Дукхачу наха Фейсбукчохь доьший, тхан офисе богIу, тезета, кадаме санна. Тхо кхузахь Iаш ду, иштта уьш тIе а оьцуш. Ткъа бакъдерг дийцича, хиллачо гойту, тхо нахана мел оьшуш хилла. Тхоьга белхан накъосташа телефонаш йиттина а ца Iаш, могIарера наха а етта. Схьа а богIу кхуза, тхан офисе.

Эшахь шаьш яздийр а ду, эр а ду, аш беш болу болх, чIогIа мехалла бу бохуш, дуьйцу цара. Тхуна иза юханехьа йолу зIе ю, цо тхуна ницкъ а, бахьанаш а ло, кхин дIа а болх бан. Сатуьйсу, Iедалша, хила дезачу агIор мах хадор бу, тхуна билгалдаьхначу тедахкарийн. Сатуьйсу, тхо оцу реестр юккъе дохур дац аьлла. Тхуна ца хета, тхо политика лелош ду аьлла».

«Кхечу пачхьалкхан агенташ» бу аьлла цIарна герга бахначу нохчийн бакъоларъярхошна а, юккъаралхошна а, гIо-накъосталла дан кийча бу церан доттагIий.

«Кхечу пачхьалкхийн агенташ» аьлла, Оьрсийчохь болх бечу юккъараллийн цхьанатохараллашна цIераш тахка йолийра 2012 шарахь. Иза динера, Iамерка Цхьанатоьхначу Штаташкахь, «Магнитскийн цIарах акт» тIеэцча.

Оьрсийочохь кхин дIа болх бан бакъо ло Iедалша, нагахь санна ша кхечу пачхьалкхера ахча эца а оьцуш, болх беш церан агент ю аьлла, цхьанатохаралло къобал яхь. Кху шарахь иштта цIе тиллина ю 226 эзар сов цхьанатохаралла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG