ТIекхочийла долу линкаш

Обама Барак Эфиопехь


Эфиопе вахана волчу Iамеркан Штатийн президента Обама Барака нийса дац аьлла оцу мехкан Iедало журналисташ а, оппозици а набахте хьежор. Иштта кхин а цхьа мехала кхайкхам а бира цо Африкерчу мехкийн лидершка – демократина Iаткъамбо президенташ конституцино къасттийначу муьрехь даржашкахь а Iийна, хан кхачийча дIа ца бахаро, бохура Обамас.

Масал далош хьахийра Бурунди махкахь кхозлагIа а дарж къевсина президент. «Шаьш даржехь Iечу юкъанна, конституци а хуьйций, шайн даржан хан яхъяр даьржина, иза кхераме ду машарна», - бохура Штатийн президента.

XS
SM
MD
LG