ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Iазап юхадаккхаран комитет" кхоьллина Каляпин Игора


«Iазапна дуьхьалояран комитетан» коьртехь Iийначу бакъоларъярхочо керла юкъаралла кхоллаяларх лаьцна дIахьедар дина шинарийдийнахь. Оцу хIинццалц яьхначу, Iедало «арахьарчу агентийн» могIара яьккхинчу юкъараллан метта кхоьллинчун цIе ю «Iазап юхадаккхаран комитет». Оцу керлачу юкъаралло, Оьрсийчоьнан кхечу регионашкахь а санна, болх бийр бу Нохчийчохь а, аьлла Каляпина.

«Арахьара агент» боху маьттаза цIе тIе ца хьарчаяйтархьама, шайн керла юкъаралла ларлуш хир ю кхечу мехкашкара лучу ахчанца болхбарх, аьлла «комитетан» коьртехь вуьсучу Каляпин Игора.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG