ТIекхочийла долу линкаш

«Карахь ахча а долуш Оьрсийчуьра» дуьне даккха арабевлларш


Лондон, Оьрсийчоьнан министрийн кабинетан куьйгалхочун Медведев Дмитрийн гIовс Шувалов Игор 688 миллион сом дIадала декхаре ву шен кху виллех. (Навальный Алексейн блога тIера)

Лондон, Оьрсийчоьнан министрийн кабинетан куьйгалхочун Медведев Дмитрийн гIовс Шувалов Игор 688 миллион сом дIадала декхаре ву шен кху виллех. (Навальный Алексейн блога тIера)

Channel-4 телеканало кху баттахь гайтина «Карахь ахча а долуш Оьрсийчуьра» телефилм Британин бахархоша жигара йийцарал а совнаха, яьлла цигарчу низамхойн тергоне а. Оьрсийчуьрчу баккхий хьаькамаша шайн махкахь тIех еза гIопаш, виллаш оьцуш хьийзар гойту телеканало.

Тележурналисташа сахьтехь гойтучу документалан филмо дуьйцу Британерчу гIишлошьюхкучу юкъараллаша шайга цIерш яьхна а боцчу сов-таронаш йолчу оьрсашна къайлахчу йохк-эцарехь гIо муха до.

Филмехь совдегархочун-нуворишан кеп тIе а эцна, хьал Iорадоккхуш, васт ловзош ву коррупцица къийчсалучу юкъараллан жигархо Борисович Роман.

Цуьнан накъост-езар, Оьрсийчуьрчу могашаллин министраллера ю ша аьлла, моттаргIанечу йохк-эцаршкахь дакъалоцуш ю Маршо Радион корреспондент Седлецкая Наталья.

И шиъ вилла лоху кеп лелош цхьаmнаlеттало цIенош духкучу Британерчу маклершца. Дина къамелаш къайлаха видеокамершна тIеяздина Борисовича а, Седлицкаяс а.

Шаьшшиъ Лондонехь уггаре езачех пхи вилла эца доллу аьлла цара йохк-эцаран агенташка. Хьул а ца деш боху цушимма, шайн ахча Оьрсийчоьнан бюджетера лачкъийна ду, цундела шайна ца лаьа документашкахь шайн цIерш язйойла.

Британин оьздангаллах, сийнах хьакхалуш ду юкъалелачу агенташа оцу хьолехь, цIийлуш а боцуш, бохург. Шайна шу саннарш дуьххьара гуш бац, шаьш дуьйцур ду шуна Iедалан низамех ларлуш хIун дан деза, цIенош муха эца деза, дуьйцу маклерша.

ГIишлойн йохка-эцар толлучу эксперташа а, адвокаташа а дуьйцу журналисташка Британин низамашкарчу лелдарлонех, хьарам ахча юкъадилла бкарочу некъех а лаьцна.

Маршо Радионе филмехь совдегаран васт ловзийначу Седлецкая Натальяс дийцира шайна дайна сурт.

Седлецкая: «Къайле яц, бух бевзаш а боцуш, чудогIучу ахчано Британин экономика юзу. ГIишлош, машенаш, кхийолу еза хIуманаш, оьцучу дена тIе а ца язъеш, офшоран компанешна тIязъян йиш ю Британехь.

Оцу хьоло кхачадо Британе и «хьарам» ахчанаш. Оцу ахчанех дукхадерш Оьрсийчуьра кхочуш ду. Лондонехь къошташ, урамаш ду дерраш а оьрсаша а, хьалха Советан Iедал лаьттинчу мехкашкарчу а наха дIаэцна, церан долахь».

Шайн мохк коррупцех, кхаьънаш иэдарх цIена ган луучу бахархоша «Карахь ахча а долуш Оьрсийчуьра» филм хьаьжначул тIаьхьа доьху Британин Iедале гIишлош йохкар-эцарх долу низам шагдар, коррупци лелон аьтто лучу хьелех цIандар.

Кху беттан 8-чохь, Ченнел-4 телеканало филм гойтучу дийнахь 38 депутато кехат яздина парламенте, цара доьху, арахьара махка а баьхкина, гIишлош оьцучу нехан ахчанаш мичара ду,царна уьш стенгара девлла толлуш низам чIагIдар.

Карарчу хенахь интернетехь вуно дукха наха хаамаш бо Оьрсийчуьрчу а, цуьнца зIенашкахь йолчу а пачхьалкхашкарчу хьукматхоша хьарам ахчанех эцначу а, оьцучу а вилланех а, церан керлачу дайх а лаьцна.

Твиттере наха чудехкина дуккха а документаш ду Британехь, Германехь, кхечу мехкашкахь Оьрсийчуьрчу хьолахоша гIишлош оьцуш лелаен таьжгаллаш гойтуш.

Британехь 36 000 цIа, вилла лечкъийначу ахчанех, йоцчу фирманийн цIарх, офошоран къошташкарчу кехаташца эцна ю аьлла хаамбинера хьалхо, и филм ара а ялале, коррупцица къийсалучу Iедалх йоцчу дуьненаюкъарчу Transparency International агенталло. Оццу хьокъехь кIезиг ца дийцина Маршо Радионо а.

Оьрсий, Оьрсийчуьра кхечу къаьмнех болу хьаькамаш, совдегарш боцуш, иштачу эцархойн могIаршлахь бу гIиргIазой, узбекаш, казахаш, аьлча а, церан, махьарла дехкий санна, шайн халкъийн хьолах боьлла хьаькамаш.

Масала, ГIиргIазойчохь президент Iийначу, тахана Беларусехь лечкъина волчу Бакиев Курманбекан воI, кхело валлалц набахтехь валло кхайкхийна Бакиев Максим веха Британерчу 3,5 миллион фунт стерлинг мах болчу гIопехь. Дуьненаюкъарчу эксперташа даймахкахь лечкъийначу ахчанех эцна лору и гIишло.

Transparency International-о, и санна йолчу Global Witness юкъаралло а дийцарехь, Узбекистанан президентан йоьIан Каримова Гулнарин а ду Лондонна юккъехь масех деза цIа.

Британерчу Channel-4 телеканало гайтийна сурт юкъара ду Европерчу дуккхаъчу мехкашна. Черногорехь, Хорватехь, Испанехь, Францехь, кхечу мехкашкахь ю оьрсийн ю олуш гIаланаш, я тоьллачу гIаланашкахь тоьлла урамаш.

Чехехь ю, масала, оьрсийн ларалуш гIала – Карловы Вары. Оцу курортийн шахьарахь уггаре хаза, даккхий цIенош ду Оьрсийчуьрчу совдегарийн, хьаькамийн долахь. ГIалахь чехин маттаца цхьаьна меттигерчу сервисан белхахой декхаре бу оьрсийн мотт а хаа. Вуно даккхий ахчанаш лела цигарчу оьрсийн бизнесехь.

Цунна тIаьхьа кхуъуш сурт ду пачхьалкхан шахьарахь Прагехь а. Кхузахь каппаш бен яц цкъачунна оьрсийн долахь. Амма шо шаре мел долу алсамбуьйлу Оьрсийчуьрчу хьакамийн кхузара бахамаш.

Бакъду, «оьрсий» аьлла, деккъа дIа къомана тIехьойла а дац Европерчу гIаланашкахь кхуьучу каппийн цIерш. Олуш ма-хиллара, къуйн шайлахь ду гергарлонаш, юкъарлонаш, къомаллин башхаллаш. Амма, хуьлуш ма-хиллара, дерриг а къомана тIеоьгу хьарам-ахчанаша даржош долу зуламаш, кхуллуш йолу декъаза цIе.

XS
SM
MD
LG