ТIекхочийла долу линкаш

ОвхIанистанерчу тIалибийн лидер Омар Молла кхелхина


ОвхIанистанан къоман кхерамзаллин кхеташонан векало кхаарийдийнахь дIахьедина, Маршо Радион «Маьрша ОвхIанистан» декъо хаам барехь, махкарчу тIалибийн лидер Омар Молла кхелхина, иза кхелхина ши шо а ду, аьлла. Дуккха а дуьцура тIалибийн хьалханча дийна вац бохуш, амма официало бакъданза дуьсура иза хIинццалц. Iедалан телеканало бахарехь, Омар Молла вийна Пакистанехь 2013-чу шарахь.

Ткъа немцойн ДПА-агенталло, шена Кабулерчу цхьана хьаькамо дийцина бохуш даржадо тIалибийн лидер Пакистанехь цамгарх кхелхира ши шо хьалха, бохуш. Францерчу А-эФ-Пи агенталло, шен хьостанашна тIе а тевжаш, Омар Молла дIавоьллина ву боху ОвхIанистанерчу Забул провинцехь. Президентан ГIани Ашрафан пресс-секретара ХIашеми Зафара хаамбина шайга а и хаам кхаьчна хиларх, амма цкъачунна кхоччуш ца хаьа шайна и кхалхар муха нисделла, боху цо.

XS
SM
MD
LG