ТIекхочийла долу линкаш

Лашкар-э-Джангви цIе йолчу тIеман тобан лидер вийна


Пакистанан полицера бу хIара хаам. Кхаарийдийнахь Iедалан ницкъаша вийна шайна дуьхьаллаьттачу Лашкар-э-Джангви цIе йолчу тIеман тобан лидер а, цуьнан ши воI а, кхин а 11 стаг а. Шайн лаьцна муджахIид Исхьакъ Малик полицин ханера схьаваккха болийначу тIамехь белла и нах. Исхьакъ Малик вара Iамеркахоша хIоттийначу дуьненаюкаърчу террорхойн тептарахь, цунна бехкедора бIеннаш маьрша нах байар. Кхелах чекхваьлла а хилла иза, маьрша витина хилла тоъал тоьшаллаш дацарна. Кхаарийдийнан тIематасадаларехь иза а вийна, хаамбо Пакистанан полицино.

XS
SM
MD
LG