ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нидерландино доьху Оьрсийчоьне дуьхьало цаяр


Нидерландин премьер-министран Рютте Маркан лаамца телефонехула къамел хилла цунний, Оьрсийчоьнан президентна Путин Владимирний юкъахь. Нидерландино доьху Оьрсийчоьне Украинерчу Донбассехь дохийначу пассажирийн кема дохор дуьненаюкъарчу кхеле хьажочу новкъана дуьхьало цаяр. Къамел хилла Цхьанакхеттачу Къаьмнийн организацин Кхерамзаллин кхеташонехь кеманан да йолчу Малайзин лаамца трибуналан хьокъехь дийцарш дуьйлалучу юкъанна. Кремлан прес-гIоьнчалло бечу хаамца, Путин сецна ша хьалха аьллачунна тIехь – Оьрсийчоьнан талламаш бирзина а бовлале кхачадойла дац дов трибунале аьлла хета.

Стохка аьхка Донбассан стигалхула чекхдолуш, герз тоьхна 300 гергга стаг а вуьйш, кема чудаийтар дуьненан трибунале дакккхарна дуьхьал хир ю Оьрсийчоь, цо вето тухур ю сацамна, аьлла Цхьанатоьхначу Къаьмнийн организацехь векал волчу Чуркин Виталийс оршотдийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG