ТIекхочийла долу линкаш

Доьза байначийн гергарчарна генерикан паспорташ делла


РогIера 32 генетикан паспорт делла Нохчийчохь тIемашкахь доьза байначу нехан гергарчарна. Оцу кехаташна тIеязъечу цIий-дилхан башхаллашца байнарш карабаре догдоху наха. ХIинца и тайпа паспорт деллачех ву махкахь 300 стаг.

Оцу документан гIоьнца байначарех схьакарийнарг вац ши стаг бен. Ткъа официалехь доьза вайна ларало 3 эзар а сов стаг, ткъа бакъоларъярхоша тIечIагIдо и терахь кхин а шозза дукха хилар.

XS
SM
MD
LG