ТIекхочийла долу линкаш

Iазапна дуьхьалояран комитетан» коьртехь Iийначу бакъоларъярхочо керла юкъаралла кхоллаяларх лаьцна шуьйрра дуьйцуш ду зорбанашкахь. ХIинццалц яьхначу, Iедало «арахьарчу агентийн» могIара яьккхинчу юкъараллан метта кхоьллинчун цIе ю «Iазап юхадаккхаран комитет».

«Ницкъ бар сацоран комитет». КхидIа йолчу ханна и цIе лелор ю Коляпин Игор коьртехь волчу бакъоларьярхойн цхьаьнакхетаралло. «Тхо тхайн болх дIаберзо дагахь дац цхьана-а меттехь. Къаьсттина суна мехала а, дош хеташ а хIума ду Нохчийчохь къахьегар.

«Ницкъбар сацоран комитетан хIусам-офис Соьлж-ГIалахь болх бан юьсуш ю. Оха хьалхалерчух тера цIе а йолуш цхьаьнакхетаралла денйинехь а цхьанне а ма мотта цхьа-а хийцам а ца беш, тхо низам талхо я цунна пе тоха дохка.

Хийцам ца беш, мел халахеташ делахь а, Iойла дац. Цундела оха сацам бина тIейогIучу ханна тхан комитето Оьрсийчоьнан бахархоша сагIа деш, гIоьнна луш долчу ахчанций бен болх бийр боцуш».

Ишта дIахьедар хааме даьккхина Каляпина Игора.

Дуккха а могIарерчу нахана тайна, шозза а шайн офис-хIусам йохаяр хьесапе а ца оьцуш, махкахь болх бан и доьналле бакъонашларьярхой буьсуш. Цу хьокъехь, бакъонашларьярхой нехан аьтто беш,эшам хиллачеран доглазаме агIончаш хиларх соьга дуьйцуш ву аренца Iуьллучу цхьана кIоштера вахархо Расул.

Маршо Радио: Бакъонларьярхойн хIусам-офис Соьлж-ГIалахь йохийна 2 бутт кхочуш боллу. ХIетахь дуьйна къастам боллуш хууш дацара цо кхидIа Нохчийчохь болх бо я ца бо. Цхьаболучарна чIогIа тайна цуьнан хьаькамо Каляпин Игора шаьш кхузара болх сацор бац алар.

Расул: «Со а ву царех цхьаъ. Бакъонан дай махкахь дукха мел хили а дика ду. Уьш кхузаъь бисаро нехан нийсонах, бакъонаш йозаелла дегайовхо дебай. Кху Оьрсийчохь хьайна хетарг дIаала а,харцо гIарьяккха а йиш йоцуш массо некъ а бихкина бу. И Путин шолгIа а Iедале веъчахьана къаьсттина массо тайпа маршонан лаг а лаьцна, къоман садукъдеш ду. Кхузара хьал мА-дарра дуьйцуш цхьаъ валахь цунах кхечу пачхьалкхера агент во.

Суна вуно маьIне хетта цу комитето а,кхечара а кху чохь беш болу болх. Де эшначунна гIо дан уьш болуш дика ду-кх».

Маршо Радио: Дика хилча церан офис эхашарахь шозза йоха стенна йина? Официалан дийцарехь, могIарерчу наха шаьш дага а бевлла, ма дина и тIаьххьара тIелатар а.

Расул: «Iовдалчунна а хаьа и зулам наха шаьш дина доци. И эра даккхийта еккъа цхьана тхан кIоштера вигнера 2 эзар сов Iедалан белхо. ТуьтамIаьжгаш а йоьхкина,лоьмаш а, эчиган чIураш а лестош, карзахе хьийзийнарш кIоштера полисхой а, кегийрхойн боламан декъашхой а,администарацин белхой а хилла.

ХIуъчара дийцарехь гIалара схьадина и буьйр кхочуш ца динехь тхан кIоштера дукха хьаькамаш даржашкара бохор болуш хьал хилла хIоьттинарг».

Официалан дIасадаржош хIуъу а делахь а могIарерчу вайнаха кхетадо «Ницкъбар сацоран комитетан» гонаха хьийзинчу «йилбазан» механ орам-бух мичара схьа бу а, и сел кIоршаме хьенан аьллар-луурца хьаькхна а.

Делахь а нахана коьртаниг а,чулацамениг а ду хала киртиг эшо дезаш, де доьхна меттиг еъча, нийсо лохуш тIетовжа, «дог эца» адамийн бакъонашларьярхойн хьукхмат Соьлжа гIалахь йисар.

XS
SM
MD
LG