ТIекхочийла долу линкаш

Европе кхача гIерташ мигранташа бала хьоьгу


Венехь мухIажирийн гулам

Венехь мухIажирийн гулам

Цкъа а ца хиллачу кепара мухIажирш алсам бевлла Евробертана юккъе йогIучу пачхаьлкхашкахь. Даханчу деношкахь масийтаза Францера Британе кхача гIоьртина масех эзар стаг, Ламаншана бухарчу туннелехула. Амма Iедалхоша юхатоьхна уьш.

Францин, Британин юккъехь тIай хилла лаьттачу Ламаншана бухарчу туннелехула керлачу дахаре кхача сатийсамца беха Францин дозанна тIехь хIурда йистехь Iуьллучу Кале гIалах четарш а тоьхна Iаш болу Африкера а, Гергарчу Малхбалера а мухIажарш.

ХIурдахула Франце кхаьчна болу уьш, цу махкахь тховкIело ехарна метта, Британе баха Iалашо йолуш беттанашкахь Iа шайн „джунглеш“ олучу мигрантийн четарийн гIаланашкахь. Бахьана- Лондонехь а, кхечу ингалсхойн гIаланашкахь а церан герганиш я бовза-безарш хилар ду. Коьртачу декъехь тIамо лаьцначу Шемара а, Иракъера а, ткъа иштта Суданера а, Сомалера а бевддарш бу уьш.

Денош а, кIиранаш а, беттанаш а дIаоьху, церан Британи кхача аьтто ца болуш. И аьтто легала церан болийла а дац, хIунда аьлча Лондонера Iедал уьш тIеэца хьаьгна ца хиларна. Ткъа иллегала некъ цхьаъ бу – хIурдабухахула яьккхина йолу Ламанш туннел. Цу чухула, вуно лерина бIеннаш хехоша ларйеш йолчу, Лондоне кхача аьтто наггахьчеран бен ца болу.

Цундела а ду кху деношкахь легала боцучу мигранташ шозза цу туннелан штурм ечу кепехь, бIеннашкахь тобанашца Британе дехьабовла уьш гIортар. ТIаьхьарлера цу кепара гIортар цара шинари буса дира – 2100 мухIажар, машенийн а, цIерпоштийн а лелар а сацош, гIаш цигара дIа 30 сов чакхарма генахь Iуьллучу Британин коьртачу шахьаре кхача гIоьртира.

И туннел ларйечу Eurotunnel кампанин векало БиБиСи агенталле дийцарехь, царех масех стаг хехошца хиллачу тийсадаларшкахь лазийнера. Иштта 200 сов стаг Iедалхоша лаца а лаьцнера.

Цу кепара легала боцучу некъаца Британе кхача гIерташ болу мигранташ хIора буса аьлча санна туннелан хехоша луьйцуш белахь а, амма кху деношкахь санна дукха адам гулахь туннелана чугIортар цкъа а хилла дац. Иза, хетарехь, коьртачу декъехь массо а аьлча санна хин дозанашца Iоьхкуш йолу Евроберта декъара пачхьалкхашка оьхучу мигрантийн терахь масала доцуш лакхадаларца доьзна ду.

Югослави хиллачу пачхьалкхашкахь тIом баьлча дуьйна схьа цкъа а ца хилачу кепара лакхадаьлла Австрехь а тховкIело йоьхучу мигрантийн терахь. Масех бутт бу и терахь дела денна бIеннашкахь алсамдуьйлуш лаьтташ, ткъа Iедал цу нахана дан хIума доцуш йиш йоьхна долу.

Европехь уггаре а тароне а, кхиина а пачхьалкхехь цхьаъ йолчу Австрехь карарчу хенахь урамашкахь а, паркашкахь а буьйсанаш а, денош а дохуш Iаш ву 2000 сов Iедалера тховкIело ехна волу мухIажар. И бахьана долуш меттигерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллина оппозицино еш йолу критика алсамйаьлла, ткъа аьтто-популисташ Австри мухIажарийн караяхна бохуш дуьйцу.

Стенца доьзна ду сел тароне йолчу Австрехь масех эзар мухIажар чувахийта кхерч ца караяр?

Австрера уггаре а йоккхах мухIажарийн лагер Трайскирхен йолчу Лахара Австри лаьттахь мигранташца болх беш йолчу Эсмурзаева Мадинас дийцарехь, тховкIело йоьхурш чубига а, дIанисбан а шортта таронаш ю меттигерчу Iедалийн, амма сацамаш тIеэцаран бакъо федаралан Iедалшкахь чул а бундеслаьттанийн а, кIоштийн а куьйгалхошкахь хиларна цара мухIажарш шаьш бол-болчехь тIебита ца лаьа.

Эсмурзаева: „Кху Лахарчу Австрера Трайскирхенера мухIажарийн лагер кху махкахь тховкIело лоьхуш берг уггаре а хьалхох тIебоьлхуш йолу меттиг ю. ХIинца Шемарий, цу агIора кхачу меттигашкарий дукха мухIажарш кху за махкар бахьана долуш, цу лагерехь Iен меттиг ца тоьу массарна а.

Ши эзар сов стаг арахь буьйсанаш йохуш ву. Меттигерчу Iедалшна, шайн политикан хьежамаш бахьана долуш, и нах мухIажарш кIезга болчу кхечу меттигашкахь дIатарбан ца лаьа. Ткъа пачхьалкхан Iедалийн царна и хIума де аьлла омра дан бакъо яц. Цундела иштта тишчу даьлла и хьал“.

Австрехь тховкIело мел ехначу мухIажарна, шайна юккъехь эзарнаш нохчи а болуш, дика евзаш йолу Трайскирхен лагер карарчу хенахь цу махкахь мухIажаршца хIоьтинчу катастрофалле хьолан гIайгIане симбол а хилла лаьтта. Пачхьалкхан Iедало меттигерчу куьйгалхошка дехарш до, урамашкахь буьйсанаш йохуш болу и пекъарш еса лаьттачу казармашкахь а, хIусамашкахь а дIатарбехьара бохуш.

Меттигерчу куьйгалхоша и мисканаш Евробертан кхечу пачхьалкхашка дIасахьовсабе бохуш кийтарлонаш йо. Ткъа цу юкъана эзарнаш нах, шайна юккъехь бераш а, зударий а болуш, кху лаьттан уггаре а таронечу пачхьалкхахь чу баха меттиг а йоцуш деккъачу лаьттахь а, паркашкарчу генташна тIехь хене бовлуш бу.

XS
SM
MD
LG