ТIекхочийла долу линкаш

Нохчийчохь тIеман кхийссарш лаьттина Iедалхошний, гIаттамхошний юкъахь


Еарийн буса Илсхан-Юьртаний, Майртупний юкъахь лаьттачу есачу майданахь сахьтехь гергга тIеман кхийссарш лаьттина Iедалхошний, гIаттамхошний юкъахь. Маьршачу нахалахь дараш дац.

Iедало ца дуьйцу хиллачух лаьцна. Бахархоша бечу хаамца, юьхьанца деза герзаш дийлина, тIаккха – маса тоьпаш. Дийцарехь, Майртуьпара цхьа вахархо тIеIоттавелла тIемалошна, цо мотт тоьхна Iедале.

XS
SM
MD
LG