ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

«Нехаш кхийса мегаш дац! ГIуда тухар ду!»


Соьлж-ГIала --нехаш кхуьйсу меттиг, 2014
Соьлж-ГIала --нехаш кхуьйсу меттиг, 2014

Соьлж-ГIалин администрацино бинчу сацамца, нехаш кхуьйсучу хIора метте видеокамераш хIиттор ю кесста. Иза до нехаш билгалъяьккхинчу метте а ца кхуссуш, урамашка, некъаш тIе юхкурш гучубахархьама. Юкъаралло къобал бо и некъ - оцо мукъане а гIиллакх доссор дац-те адамашка боху церан дегайовхоно.

ХIинцалц нехаш дIакхосса магош доцучу меттигашкахь, даккхийчу элпашца йоза хуьлура: «Нехаш дIакхосса мегаш дац. ГIуда тухура ду!», олий. Амма хIинцачул тIаьхьа, и йозанаш дохкуш басар дайа дезар дац. ГIароллехь хир ю, керла технологийн гIирсаш-видеокамераш.

Нехаш дIакхуьйсучу меттигашкахь а, царна тIедоьдучу некъашкахь а хIиттор ю уьш. Оцу хьокъехь Соьлжа-гIалийн мэрино сацам бина.

Оцу хIумано аьтто бийр бу аьлла хета, и сацам тIеэцначу даржхошна, гIалахь цIеналла латторехь а. Соьлж-гIалахоша а къобал деш ду, юккъедаьккхина долу и керла хIума. Ницкъала цIаналле бало безаш а нах шортта бу, аьлла хета дукхахболчарна. Иштта элира, микрорайонехь ехачу Виситаева Айманис.

Виситаева: «И камераш хIоттор, дуьйцийла а доцуш, дика хIума ду. ХIора тIевогIийлехь а хIотто езар уьш. Наха охьакхуьссуш йолу нехаш гулъеш лела со, хIора Iуьйранна.

Кегийн бераш, берийн беша лелаш долу, хуьлу нехаш дIакхосса доьлхуш. Оцу яшки чу кхосса и нехаш аьлча, гIум-гIум а дой, дIавоьду. Со дог этIаш мага-м ца мега. И камераш хIотточо, доккха гIуллакх-м до. Дехьачуьра схьабогIий а, кху чу кхуссу. Къемат де ду-кх, кху микрорайонехь далларг».

Цхьана юкъана, Нохчийчохь шолгIа тIом юккъебаьллачу хенахь, Соьлж-ГIалахь дукха жIаьлеш дебнера. Цхьадерш, дукха акха девлла, адамех леташ а, катухуш а меттигаш нислора. Уьш дерриш гуллора нехаш дIакхуьссучу меттигашкахь.

Оьрсийн эскархой гIонна а кхъайкхина, тоьпаш етташ дайира дуккха а. Амма хIинца, церан тIаьхье, гарехь ю, изза нехаш дIакхуьссучу меттигашкахь яьржина. Оцу жIалийн балех а хьалха даьхча дика хир дара бохуш, кхин дIа а дуьйцу Виситаева Айманис.

Виситаева: «ЖIаьлеш лелара. Кхин дацахь а, 3 жIала дара лелаш. ХIинца со корехула дIа арахьажча а, ворхI жIаьла дара цхьана кIантана тIаьхьадедда доьдуш. И жIалеш а дIадахахьарий, и камераш а хIиттаяхьарий, бераш ишколе дIа арадовлале. И наной буй, бера чуьра арадолуьйтуш болу, царна таIзар дан дезара. Шаьш чохь Iаш хуьлу, гоьл тIе ког а боккхий, хIуш а дууш».

Соьлжа-гIалахь тахана бIеннаш эзарнашкахь нах бу бехаш. Церан хьашташ кхочуш даран сервисаш дика ларалуш йолчух тера дац. Нехаш хIора дийнахь дIа ца яьхьча, уьш дукха сиха гулло. Ткъа эчкийн гIутакхаш ду, тIехь негIарш а доцуш. Цу чуьра хьалаоьхучу хьожано шайна тIейоьху чуьркаш а, мозий а, жIалеш а.

Наггахь, шен арадалар нисделча, чохь лелош долу цицигаш а хуьлу, и той доьду меттигаш цаьрца къовсуш. Амма дуьххьара дIа адамашкара оьздангалло бен латталур яц, уьш беха меттиг цIена, аьлла хета Соьлжа-гIалара яхархочунна Шепиева Кулсумна.

Гонахьарчу цIаналлех даиманна дуьйцуш доллушехь, иза дIа ца лоцурш а дукха нах бу, цундела и камераш хIиттор ша шийа а куьйг а айдеш, къобал до, элира цо, Маршо Радиога йистхуьлуш.

Шепиева: «ХIора тIевогIийле юьллуш ялара и камераш. Ас къобал деш хIума ду иза. ХьастагIа, со араяьлча, цхьа кегий нах бу арабевлла схьабогIуш. Нехаш некъана улле охьа а йоьхкий дIабоьлху уьш. Дуьхьала лоь, ахь цаьрга дIааьлча. Хьалха-м корера дIа ара кхуьссура нехаш чохь йолу тIоьрмигаш. Иштта чоьнан кIела йоьлхучохь а камераш йохка езара. ТIаккха гучубевр бара, во леларш а».

Видеокамераш хIиттора ю Соьлжа-гIалахь мел йолчу 400 сов нехаш дIакхуссучу меттигашкахь. Оцу проектна хьажийна, гарехь кIезга ахча а дац. Амма дуьйцуш дац, мел харж ера ю, оцу хIуманна.

Нехаш дIаяхар, хила ма деззара хуьлуш ца хилча, и гIутакхаш дукха сиха хьаладузу. ТIаккха, хIун дан деза, шен карар нех цу чу кхосса меттиг ца хилча?

Оцу хаттаро башха сахьийзочух тера дац даржхойн.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG