ТIекхочийла долу линкаш

Мансур Ахтар Мохьаммад къобал ца во тIалибаша


ОвхIанистанерчу тIалибийн хьалханча Омар Молла кхалхар билгалдаьлча цуьнан метта хаьржина Мансур Ахтар Мохьаммад массо а тобанаша ца во къобал, хаамбина веллачу лидеран гIоьнча лаьттинчу тIалибо. 14 шо хьалха дохийначу ТIалибанан Iедалехь авиацин министр лаьттина ву Молла Мансур. Еарийдийнахь кхайкхийна тIалибийн лидер. ТIалибанан заманахь Кандагарехь губернатор лаьттинчу Рахьмани Мохьаммада Маршо Радиога хаамбина Мансурехьа тIалибех кIезиг баьччанаш бу аьлла. Шена а, кхечу цхьаболчу лидершна а хьалха хIотто луург Омар Моллин 23 шо долу воI Якъуб вара, амма иза жима ву аьлла, ца хаьржира, аьлла Рахьманис. Iедалца дIадоьлхучу дийцаршка кечлуш бу тIалибаш. Царех цхьаберш реза бу Iедалца барт лаха, кхечара дIабахбар хьоху 15-чу шаре баьлла тIом.

XS
SM
MD
LG