ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Куашев Тимур дагалоцуш


Москох «Яблоко» партин кегийрхойн декъо шахьаран Iедале дехар дина шайга кIирандийнахь гулам хIоттабайтар доьхуш. Цигахь уьш дагахь бу Iедал декхаре дан шо хьалха Нальчикехь «Яблокон» декъашхо, журналист Куашев Тимур вер талла. 26 шо долу оппозиционер Куашев вийна карийра могашалла чIагIъеш, вада араваьллачу Iуьйранна Нальчикна гергахь. Жигара дакъалоцура Куашев Тимура бакъоларъярхойн «Мемориалан» балхахь, кест-кеста гучудохура Iедалера дуьйлу зуламаш «Дош» журналехь, кеп-кепарчу агенталлашкахь, интернетерчу шен блогехь. Куашевн гергарнаш а, накъостий а тешна бу и вер Iедална товш боцу болх цо барца дозу бохучух. Ткъа хIинца а ца къастийна низамхоша хьан, стенна вийна оппозиционер.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG