ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь йовхонна цIерш йийла кхерамбу


Нохчийчоьнан къилбаседанехь а, Соьлж-ГIалахь а хIаваан температура лакхаяла тарло.

Невр-кIоштахь кхерам бу йовхонна цIерш йийла. Изза хьал лаьтта Шелковск кIоштахь, Теркйистехь, аьлла, хаам баржийна махкарчу орцан министралло. Дагца а, коьртаца а лазарш долчу нахе хIусамашкара ара ца бовлар доьху орцанхоша. Иштта хьоьху цара хиш мийлар, шайн петаршкахь оьшшучал хIаваан температура латтор.

Чу-ара вала уггар кхераме хан лору дийнахь ши сахьт даьлча суьйранна 5 сахьт даллалц ериг. Синоптикийн хаамашца, шоьтадийнахь Соьлж-ГIалахь дийнахь хир ю +42 градус, ткъа де суьйренга лестича +34-анне охьаер ю.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG