ТIекхочийла долу линкаш

Малхбале кIезиг теша ТехIеранах


Малхбалерчу цхьаболчу мехкийн лидерш хIинца а кхоччуш ца теша долахь зарратан герз долчу пачхьалкхаша ГIажарийчоьнца бинчу берто шайн регионера хьал талхор дац бохучух.

Берто кхерамзалла чIагIйийр ю, ТIехIерано ша делла дош кхочушдахь, дахар машаре хирг хиларх шеко а яц, элира оцу хьокъехь кIирандийнахь КъахIирехь журналисташца къамелдеш Iамеркан Штатийн Пачхьалкхан секретара Керри Джона.

Малхбалерчу мехкийн лидершца дийцаршкахь ву кху муьрехь Керри. Къатаран шахьарахь Дохехь цхьамогIа дийцарш дIахьор ду цо регионерчу лидершца. Иштта, цигахь иза цхьаьнакхета дагахь ву Оьрсийчоьнан арахьарчу гIуллакхийн министрца Лавров Сергейца а.

XS
SM
MD
LG