ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Азаровн "Украина кIелхьараяккхаран комитет"


Украинехь карчам хилале премьер-министр а лаьттина, хIинца Оьрсийчохь къайлаваьлла вехачу Азаров Николайс Украина кIелхьараяккхаран комитет кхоллаяларх лаьцна дIахьедина деношкахь. Оьршотдийнахь Москох журналисташна цо дийцира оцу керлачу боламан Iалашонах лаьцна – иза ю «децIахь низам меттахIоттор», элира Азаровс. Комитетан декъашхойн цIерш шен йохийла дац, иза царна кхераме хиларна, бохура цо.

2010-чу-14-чу шерашкахь, президентан даржера Янукович Виктор вохаваллалц Украинан премьер-министр лаьттина 67 шо долу Азаров Николай шен даймахкахь зуламаш дарна лаца кхайкхийна ву Интерполо.

Комитет кхоллар мел дозу Кремлца бохучу хаттарна жоп луш Орсийчоьнан президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс дIахьедина, Оьрсийчоьнан хIумма а дац оцу хиламца юкъара, аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG