ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIирмин гIезалойн конгресс


КIирандийнахь Хонкарахь хиллачу Дуьненаюкъарчу гIирмин гIезалойн конгрессо дерриг дан деза стохка Оьрсийчоьно дIаяьккхина ГIирма Украине юхакхачорехь, аьлла кхайкхам бина.

ХIора шарахь хуьлучу оцу барамехь гIирмахоша дIахьедина, Украинан керлачу конституцино автономи яла еза ГIирмина, аьлла.

200 гергга гIирмин гIезалойн диаспораш яра барамехь дакъалоцуш. Шайн къоме даймахкахь Оьрсийчоьно гуламаш бойтуш бацарна вовшахтоьхна конгресс Туркойчоьхь, бохура декъашхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG