ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Геремеев Руслан ведда Нохчийчуьра


Оппозиционер, политик Немцов Борис вер толлуш лаца кхайкхина волу Нохчийчуьрчу «Къилбаседане» батальонера эпсар Геремеев Руслан кхушеран бIаьста ведда Iаьрбан Эмираташка йоьдучу Нохчийчуьрчу говраш хохкучу спортхойн тобанца, хаамбина Оьрсийчуьрчу дозуш доцчу «Новая Газетано» шен хьостанашна тIе а тевжаш.

Кхечу цIарца паспорт а даьккхина, месийн бос а хийцина ведда Геремеев, боху журналисташа.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG