ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

...И хIун "доктрина" ю бусалбанашна кхуллург?


Оьрсийчуьрчу бусалбанийн хьалханчаш
Оьрсийчуьрчу бусалбанийн хьалханчаш

БуьритIе гулбеллачу дукхахболчу Оьрсийчуьрчу муфтеша а, динан хьукматхоша а къобалйина пачхьалкхехь бехачу бусалбанашна кечйина социалан доктрина. Амма иза юьйцучу барамехь бацара, масала, Нохчийчоьнан а, Дагестанан а муфтеш. ХIун ю бусулбанийн социалан доктрина, стенна оьшу, я эша а оьший?

ХIирийн мехкан шахьарахь БуьритIехь дIаяьхьначу кхеташонехь «Оьрсийчоьнан бусалбахойн социалан доктрина» тептарна буха куьг-язораш дехкина Къилба Оьрсийчуьра 8 кIоштан муфтиятан хьаькамаша.

Нохчийчоьнан динан урхаллин куьйгалхочо Межиев Салахь-Хьаьжас куьг ца яздина цу тептар буха. И доктрина тIеоьцуш куьг яздале шена юххера бовза лаьа цуьнан чулацам аьлла, Межиевс. Доктрина и хIун тептар ду? ХIун хьашто ю и тIелаца а, цуьнан гIоьнца бусалбахой кхетош-кхиорехь керла некъаш юьхьарлеца а?

И язйинчу авторша динчу дIахьедарца, бусалба стагах яза тарлуш йолу юкъараллин дахаран массо агIо ю цу тептар тIехь хьесапе эцна,цуьнан пачхьалкхаца юкъаметтиг нисьеш кхоллало хеттарш биста кхаччалц.

Хааме даьккхина ма-хиллара, и доктрина-тептар дахаре дерзор магош куьг-язораш хIиттийна Оьрсийчоьнан муфтиятан кхеташонан коьртехь волчу Гайнутдин Равила а, Коьртачу динан урхаллин хьаькамо Таджуддин Талгата а, гIезалойн мехкан муфтис Самигуллин Камила а.

Къилба Кавказан кIошташкахь и тайпа доктрина тIеэцар мехала керла болам хилар кхеторхьама, леррина дIахьедар дина дика вевзаш волчу Iеламхочо Бердыев ИсмаIал-Хьаьжас. « Вай кхоьллинчо бусалбашна къурIан доссийна. Цу тIехь массо хIума а ду цхьа-а доктрина а ца оьшуш. Пайхамара вайна гайтина муха даха деза а,Далла Iамал муха ян еза а.

Оцу бустам-барамашца даха хьакъ дара вай,амма гIуллакх ца хуьлу. ХIораммо а шена хетарехь кхетадо къурIан а, ша-ша бакъ хеташ дуьйцу пайхамарах а. Кхузара цакхетарш нисло. И саннарг ца хилийта,массо кхетачу оьрсийн маттахь кхоьллина и доктрина». Ишта дIахьедар дина Бердыев ИсмаIал-Хьаьжас. Цунна хетарехь, деа шарахь бу мел бохучу Iилманчаша,Iелам наха дакъа а лоцуш кхоьллинчу «Оьрсийчоьнан бусалбахойн социалан доктринах» пайдаэца тарлуш ду динан урхаллашкахь а,маьждигашкахь а.

ГIебартой-балкхарийн муфтина Дзасежев Хазратали-Хьажина хетарехь уггар хьалха кегийрхоша кхетош а,тIеоьцуш а хила еза и доктрина. »Тхан сагатдийриг Iехош болчу кегийрхойн цхьа дакъа ду. Тхан Iалашо бусалба нахалахь вер-ваккхарш, цара вовшийн байарш,цIий Iанор сацор. Делах тешаш волу стаг шена тоьшийла лаьа тхуна. Тешаш хилар цо ша Делаца йолу юкъаметтиг нисьяр ду,кхечу кепара и шен тешам гучубаккха а ца гIерташ»,-боху ГIебартой-балкхарийн коьртачу моллас.

Бусалбанийн юкъаралле кховдош йолу социалан доктрина политикца а юзуш,шен хьажам бовзийтина Ставропол мехкан муфтис Рахимов Моххьамад-хьаьжас. » Иза хIинцалкрчу дахарна тIехьажийна ю,-боху цо. Вай вуно халчу хенахь дехаш ду,къаьсттина кху тIаьхьарчу муьрехь,вайна дуьхьал бевлла берриш а.

Цундела бусалбанаш а,керстанаш а цхьаIаш а хилла дIахIитта беза цхьа пачхьалкх юй хоуьйтуш. Оцу керла кхоьллинчу концепцино вайна гIо до,вешан вежаршна исламан дино бусалбан стаг нийсачу, бакъ некъан воккхий хаийтарехь, бусалба дин цкъа а цIий Iано магош боцу дин санна бовзийтарехь а».

Буру гIалахь дIаехьначу кхеташонехь дакъалаьцначу Iеламнаха дийцарехь, цу юкъаяккха лоьручу доктринан маьIна ду бусалбанан нахана юкъараллин дахарехь цхьа чкъор-дакъа санна меттиг ялар,церан доьзале,къинхьегаме, вовшашца хила йогIу юкъаметтигаш билгальяхар Уьш дийнна цхьа цIов гIиллакх-оьздангаллех йоьзна бакъонаш ю,къарIан тIехь,хьадисашкахь пайхамара кхайкхийна ма-хиллара». Цу кепара ойла-хетарг хааме даьккхина ХIирийн мехкан муфтис Гацалов Хаьжа -Мурда.

Iеламнаха массара а цхьабосса резахиларца тIеоьцу и керла юкъадалор аьлла чIагIам бан йиш яц. ЛадегIамца,ойла йина-а чулацам а бевзина, и ахкаме а биллина, сих а ца луш,хIун –мила ду хьовсаран агIонча ву Теркйист кIоштера Iеламстаг Лечиев Шаид –Хьаьжа, масала. Цо нийса сацам лору нохчийн муфтино Межиев Салахь-Хьаьажас,цу доктрина чулацам кхоччуш бевзаний бен тIетан ца лаьа шена аьлла,цу буха куьг цаяздар. Лечиев Шаид ву цу доктринах шена хетарг къадош.

Шаид-Хьаьжа: « Вайна керла дин хьеха оьшуш доцушша дин билгал а даьлла, Дала сийлахь къурIан а делла, и къурIан хьеха элча а велла Iаш мА ду вай. Салахь-Хьажас а нийса аьлла цкъа чулацам муха бу а хиъна куьг яздийр ду ша. Сийлахь къурIан долуш дац ? Таккха элчанан хьадисаш дац вайна?

Амма бохучунна реза вац со. Ахь со реза велахь а,вацахь а ишта хила деза бохий тIаккха суна ца хаьа… Сихалла дика яц, ойла ян еза. Оццул сийлахь дин дIа муха кхачор дара те бохучунна со реза ву. И сийлахь дин сийлахь дIакхачор цIена ду те я дац те бохучунна со реза вац…»

Соьца къамел динчу Теркйист кIоштан Ломаз юьртарчу Лечиев Шаид-Хьаьжин дахар тидарехь, кхеторехь шатайпа хатI-башхалла ю дийцаре диллинарг буххера, чуьра девзинчул тIаьхьий бен, тIецатар, «мухIар» цатохар.

XS
SM
MD
LG