ТIекхочийла долу линкаш

Кху деношкахь Дагестанерачу даржхошна юкъахь сингаттам лаьтта. Дийцар-хьехор а доцуш, цIеххьана дIалецна лаккхара хьаькамаш, шайлахь кхаа кIоштан куьйгалхой а болуш. ХIун бахьанаш ду Дагестананна тIе Оьрсийчуьрачу низамхоша тидам берзор?

Дахначу цхьана кIирнах Дагестанехь долу хьал, аьлча а, мехка дозанал а арахьара баьхкинчу низамхоша, меттах даьккхинчул тIаьхьа хIинца а метта данза ду. ХIинца юккъараллехь хьоьжуш бу, мила ву рогIера дIалоцург бохуш.

Массийта лаккхара даржхо ву дIалаьцна. Пенсийн фондан куьйгалхо волу Муртазалиев Сагид, шен нуц, Кизляран кIоштан куьйгалхо Виноградов Андрей дIалаьцначул а тIаьхьа, шен цIера ведда. Иза мичахь ву хууш дац.

Оцу шиннан а, цIахь таллам бича, гучудаьлла шортта герз а, цуьнан гIирс а. И ший а Оьрсийчоьнан Талламан комитетан уьйр йолуш лоруш ву, 2010 шарахь Кизляра кIоштера газ латточу урхаллан куьйгалхо а, республикан чоьххьарчу гIуллакхан экстремизман дуьхьало ярна центран куьйгалхочун гIовс а верна.

Политикехь оццул ондда бух болу Муртазалиев лехаршка кховдавар а, цуьнан гергара стаг Виноградов а, спикеран кIант а дIалаьцча, царел а лаххара тIегIанера берш-м, таIзаран кIела бахийта хIун хала ду, аьлла хета нахана.

Даржхой лецар а, цуьнан хIун бахьанаш дара а, хIун тIаьхьало а хила мега, аьлла Маршо Радионо къамеле ваьккхира Эседов Альберт цIе йолу меттигера политолог. Цо бахарехь, махкахь хIоьттинчу хьоло тIедалийна хIума ду хIинца хилларг.

Эседов: «Цхьана агIор аьлча, юккъараллехь и сатийсамаш бу. Iаьткъана нахана иза, цундела революцин юьххьехь хьал ду кхузахь. Мискачаьрга кхин дIа лацало хIара гIуллакх. Нахана хийцамаш беза, ма хуьллу сихха. Шерашна бах а ца беш болу. Тхуна лууш ду, цхьана дикачу агIор гIулчаш хилийта».

ДIалаьцначу Виноградовн а, ведда къайлаваьллачу Муртазалиевн а гIортор еш, дIахьедар динера Дагестанан куьйгалхочо Абдулатипов Рамазана. И ший а, Iедалехь дика ларош а, лоруш а ву аьлла язйинера шен Инстраграмм агIонехь. Иштта цу шинна а лаккхара мах хадош шен дош аьллера, луларчу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

Цулла тIаьхьа а, Дагестанерачу даржхойн могIаршкахь чIода хьакхар кхин а дIадаьхьара Мазлакъ гIалара беракеманашца баьхкинчу низамхоша. РогIера дIалаьцнарш бу Буйнакск кIоштан куьйгалхо, парламентан спикеран кIант Шихсаидов Даниял а, иштта кхиъ лаккхара ши даржхо а, социалан хьашташ кхочуш дарехь болх беш волу Магомедов Кагир а, республикан гIишлошъяран урхаллан куьйгалхо Кадиев Шамиль а.

Цара 14 миллион сом лачкъийна аьлла ду. Оццу дийнахь, Тарумовский цIе лелочу кIоштан куьйгалхочунна Абрамкина Маринин а, оцу кIоштарчу массийта даржхочун хьокъехь гIуллакхаш долийна.

Иштта, Кизил-Ютан кIоштан куьйгалхочунна Аджаматов Багатдинан дуьхьала долийна гIулалкх. Иза а, лакхахь буьйцурш а бехке беш бу, итнашкахь миллионаш Iедалан ахча лачкъийна аьлла. ХIинца хилла долу и дIалийцарш а, долийна долу гIуллакхаш а, еккъа коррупцина дуьхьало хилла а ца Iаш, кхин а ши бахьана го политологна Эседов Альбертана. Царах лаьцна цо иштта элира.

Эседов: «ХIинца хIунда хилла иза? Иза доьзна хила мега, Дагестанан географица. Къилбехьара форпост ма ю кхузахь. Цхьана агIора лаьттаца Азербайджанца а, Гуьржийчоьнца а доза ду кхузахь. Кхин а бусулба динан хаттар а ду. Iедало буьрса къепе хIотто деза кху махкахь. Зуламаш а, терроризм а лахдан деза. Цхьана бакъонан некъа тIе яккха еза, ша йолу пачхьалкх санна. ТIехIоттина хIума санна а ца хуьлуьйтуш».

Дагестанехь хIинца массарна а хаа лууш ду, лаккхара даржхой дIалацар-иза республикан куйьгалхочун лаамца хилла ду, я дац. Абдулатипов Рамазана динчу дIахьедарехь, цуьнца дага а бевлла дина дац низамхоша хIумма а. Абдулатиповс и нах балха эцар а, латтор а, беккъа цуьнан бехк бу аьлла ца хета политологна Эседов Альбертна. Жоьпалла, оццу низамхойн а ду, цара талла дезаш дара, низамаш ца дохадайта, аьлла билгалдаьккхира цо.

Эседов: «Цхьана агIор аьлча, иза цуьнан имиджана дика дац. ДIалаьцнарш иза коьртехь а волуш болх беш а, хIиттина а ма бу. Цундела хаттар кхоллало, иза белхахой хоржуш цхьа гIалат даьккхиний-те бохуш. Амма кхечу агIор, иштта нах балха хIиттош, лерина урхаллаш толлуш ма бай уьш. Цара пурба дала дезаш ма дай. Кхачамбацарш а хила мега. Милла балха хIотточу хенахь, иза мел хьакъ ву оцу метте, аьлла талламаш а, дагадовларш а ма до».

Кхечу регионийн куьйгалхошна а, сигнал ю Дагестанехь хилларг, аьлла хета политологна Эседов Альбертна. Кхиндолу хаттар ду, цаьрга мел дIакхочур ю иза.

Эседов: «Иза сигнал а ю, бахьана а ду, цара ойланаш ян. Иза даржхо а, къоман лай а велахь а, цуьнан тIекховда йиш йоцуш хуьлу. ХIинца гарехь, иза дIадала мега. Къепе хIотто а, бакъонийн некъан гIуллакх тIедаккха а деза, махкахь а, ша ерриг а пачхьалкхехь а».

Къилбаседа Кавказ, Оьрсийчоьнан кхечу регионашна юккъахь, уггаре а чIогIа коррупци яьржинчарех цхьаъ ю. Итт-пхийта шо хьалха, шортта ахча дара кхуза хьажийна, маьрша дахар дIахоттийта. Амма тIехсов бакъонаш а елла, коррупци, Iедалан массо а тIегIане а кхаьчна, цуьнах доккха ун хилла дIахIоьттина.

Схьагарехь, иштта зуламаш дина даржхой муьлхачу а махкахь хилча а, кхера беза, беракеманийн гIовгIа шаьш дехачу хIусамашна герга еъча.

Гайта комментареш

XS
SM
MD
LG