ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кхарна - ловзар, вукхарна - бала


Нохчийчохь Iедалехь болучара, шаьш -шайх дозалла а деш дIадаьхьира махкахь рогIера даздарш – Кадыров Рамзанан нана Аймани йина де билгалдаккхар. Кхайкхийначу веломарафонах къаьмнашна юкъара синкъерам-къийсадалар деш балийра лула-кулара хьеший-спортахой а...

Коьрте хIоттийна хьаькам а волуш, хьалххехь дуьйна леррина цхьаьнатохаран тоба а кхоьллина, кхечу кIошташкара а декъашхой а кхайкхина, масийтта дийнахь кечамаш бинчул тIаьхьа, Нохчийчохь дIадехьна рогIера даздарш- Устрад гIаларчу маьжидигера Гуьмсерчу Делан хIусме кхаччалц Кадырова Аймани йинчу дийнан лерамна, вилспеташ хахкар.

МогIарера бахархой боцуш, лаккхарчу хIайттараллица, шайн оццул аьтто барх баккхийбеш, ша-ша хьалхавала а гIерташ, йовхонан тов хьесапе а ца оьцуш, дакъалаьцна цу спортан къийсадаларшкахь тайп-тайпанчу тIегIан маьхькIамхоша а, депутаташа а.

Оццул зевне,йоккхачу гIовганца дIаехьна и веломарафон бахьнехь 3-4 сохьтехь къевлина лаьттина, Устрад гIалара Гуьмсе боьду, Бакох-Ростов федералан боккха некъ.

Бакъду,цу новкъахула ДегIаста агIор дIабаха безачу некъахойн таро хилла, Гелдаганахула, БIаьчин юьртахула га а тесна, Ойсхара эвлахь юха а боккхачу новкъа бовла.

Официалан кхайкхорехь цу къийсамехь дакъалаьцнарг ву 8 эзар сов декъашхо. Маса ву царех бакъал а дог-ойла ир-кара а хIоьттина, шайн лаамехь араваьлларг? Спорте лаьттачу шовкъо гIовттийна шайн ницкъаш зе арабевлларш хиллий те дукха? ХIун хьашто ю, эккха кечделлачух тера,бурконна кхехкачу дийнахь, сел луьрчу зерех эзарнаш нах чекхбаха?

Цу кепара жоьпаза дуьсу хеттарш кIезиг дац. И хеттарш дебадора цу марафонах официала бечу хаамаша а, и де тIекхачаре сатуьйсуш нах хене бевлча санна.

Ткъа хIун хета могIарерчу нахана? Цара муха тIеоьцу махкара рогIера даздарш? Адаман дог-ойла евза цаьрга ладоьгIча, хаьа мел бертахь цхьаболу бахархой цига бахна а.

Цхьаболучарна хетарехь, оьшург бен хIума а доцуш, гIийла бохкурш чот йоцуш дукха хиларна, царлахь кIезиг ца хилла бакълена а цхьа ирс-аьтто хир бацар-те аьлла, вилспеташ хахка бахнарш а. Соьлжа гIалара Ваид ву дуьйцуш.

Ваид: «ХIора кIоштан юьртда вилспетш а эцна, бига а бигина, бераш, баккхийнаш, цара лучу совгIате сатуьйсуш, ахчане а, машене а, дог дохуш берш дукха а бара. Юьртдайшна тIе а диллина, хIоккхул-оццул стаг хила веза веломарафонехь, аьлла. Хьаькамашка а ницкъаша дакъа лацийтина».

Зуда язьеш, цуьнан йина де билгалдаккхар гомха кхеточух ю Шелковск кIоштера Кхокха а.

Кхокха: Божаршна-м хIунда дуьйцу, зударшна а дош ца хетара. Дуьненна а гойтуш, шаьша шайха баккхийбеш, уьш гулбелла бахча дуьненна а моьттуш хир ду, уьш шайн лаамехь бахна, аьлла! И дац бакъ!»

Iедалан хаамийн гIирсаша басарш дукъдеш, исбаьхьа дуьйцу чекхдевллачу къийсадаларех, чекхъяьлла веломарафон доккха сагIа даккхар санна а туьдуш. Ткъа «балабезачу» могIарерчу наха Iедалхойн рогIера синкъерам, рогIера дозаллин тIегIа санна кхетадо, некъ бихкина вилспеташ хехкар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG