ТIекхочийла долу линкаш

Пугачев Сергей: Оьрсийчуьрчу бизнесан долахо Путин ву


Путин Владимир а, Пугачев Сергей а.

Путин Владимир а, Пугачев Сергей а.

Оьрсийчохь вехачу заманахь Межпромбанкан долахо а, Федерацин кхеташонан декъашхо а хиллачу Пугачев Сергейс бехкейо Кремл, коьртехь Путин а волуш, шен бизнесна къоладарна.

Оьрсийчоьнан банкашка ахча диллинчу нехан агенталлан цIарах Британино кхеле озийча, банкир шен доьзалца къайлаха цигара а ведда дукха хан йоццуш. Карарчу хенахь Францехь тховкIело карийна веха.

Маршо Радиона ша еллачу интервьюхь Пугачев Сергейс дуьйцу шен Путин Владимирца дехха леллачу доттагIаллах а, и юкъаметтигаш стенна шелъелира а. Цо чIагIдо, Путинан кандидатура Оьрсийчоьнан лидерна Ельцин Борисна хьлха теттинарг а, мукъадаьллачу премьер-министран дарже кхачийнарг ша вара бохуш.

2011-чу шарахь Оьрсийчуьра вада дийзира Пугачев Сергейн. Ткъа цул тIаьхьа, шо даьлча, Оьрсийчоьнан Талламан комитето Интерполе лаца кхайкхавайтира. Цунна бехке дуьллу бозбуанчаллаш лелор, наха шен банкана тешийна 28 миллиард сом дадор, кхечу пачхьалкхе арадаккхар.

Хиллачу банкира, сенатора шена дуьхьалбаьккхина бехк харцбо, тIе а ца лоцу, цо ша бахарехь, дуьххьал дIа шен банкана а, шена а ен новкъарлонаш. Шена оьгIазваханчу Путин Владимиран омрица ду дерриг а, шен бизнес йохорхьама, шен активаш пачхьалкхан долаяха Iалашонца долийна а ду, чIагIдо Пугачевс.

Кху шеран Дечкен-баттахь Оьрсийчоьнан прокуратурано Британе кехаташ дахьийтинера, Пугачев Сергей Оьрсийчоьне дIавалар доьхуш. Британерчу кхело дихкира банкирна шайгара пурба доцуш шайн дозанал аравалар.

Пугачев шина мехкан вахархо ву: Оьрсийчоьнан а, Францин а. Бутт хьалха цо Лондонан Лакхарчу кхеле хаам бира, Оьрсийчоьнан Iедалера шена а, шен доьзална а кхерамаш туьйсуш кехаташ оьху шега, аьлла. Британехь шен дахарна кхерамзалла ца го шена, цундела декхаре ву ша кхечу пачхьалкхехь тховкIело еха, аьлла дIахьедира Пугачевс.

Британин доза, Iедалан бакъо йоцуш, дIатосур дац ша аьлла куьг яздина волчу Пугачев Сергейс, ца волу ша шен дахарна а, доьзална а маьрша Iен-ваха меттиг ца лехча, аьлла, ведда Франце дIавахана.

Маршо Радиоца хиллачу къмелехь Пугачев Сергейс иштта дуьйцу тахана шенний, Путинний юкъаметтигах.

Пугачев: «Юкъаметтигаш 1996 шарахь дуьйна хийцалуш схьайогIура, тIаьххьара а кхаьчна таханлерачу хьоле. Царех муха ала ас? Хало ду мах хадон. Юьстахара хьаьжча, ала атта хирг хир ду-кх. Кхин хIара аьлла мостагIаплла а дац юкъахь, со диссидент вац, вац я оцу режиман критик, оппозиционер. Соьца Оьрсийчохь нисбеллачу хьовзамашца дустийла ду-кх.»

ТIаьххьарчу шерашкахь Кремлан харцонаша бечу тIеIаткъамех уьдучу бизнесхойн терахь десташ ду. Колесников, Чиваркин, Моша, Кирсанов иштта кхин дIа а.

Путин Владимирца доттагIаллехь Iийначу Пугачев Сергейс, Оьсийчохь бахархойн шайн долахь бизнес янне а яц, боху , амма бу Путинна мутIахь лай. Оцу наха президентна хьалхара лелайо иза долахо волу цуьнан бизнес.

«Евросеть» компанин долахойх хилла волу олигарх Чичваркин Евгений Оьрсийчуьрчу Iедалх ведда, Лондонехь тховкIело карийна веха. Оьрсийчоьнах, Кремлах лаьцна шен ойла йовзуьйтуш, цо боху, Путина чхьаьвригийн меха а ца дохку адамаш. Шена оьшучу хенахь, уьш дуьх-дуьхьал туьйсу, эшча – шена хьалхара эхарта а хьежабо, яздо Чичваркина.

Бизнесхо Колесников Сергей а ву шен цIархо Пугачев Сергей санна, Путинан харцонех ведда, Малхбузехь вехаш. Оьрсийчоьнан куьйгалхочух лаьцна Маршо Радиоца хьалхо хиллачу къамелехь цо элира, шена хетарехь, гоно даима барам боцуш хесторо Путин бакъдолчунна гена ваьккхина, аьлла.

Путин тешна ву, ша баккъал а Оьрсийчоьнна пайде а ву, ткъа пайда бохьучунна дерриг мегаш а ду бохучух. Цунах гоно «паччахь» олу, цунна муьтIахь болучара ваьккхина иза оцу дарже.

Цундела лаьа Путинна ша паччахь хиларх теша, элира Колесников Сергейс ша Маршо Радиоца динчу къамелехь.

XS
SM
MD
LG