ТIекхочийла долу линкаш

Ага ТIайаб Сайед Мохьмада дуьту шен дарж


ОвхIанистанерчу тIалибашлахь хьаькамалла къуьйсучу юкъанна шегара дарж ша дуьту аьлла дIахьедина Къатаран шахьарахь Дохехь куп тоьхначу тIалибийн политикан бюрон директор волчу Ага ТIайаб Сайед Мохьмада. Оцу бюрона тIехь ду ОвхIанистанерчу Iедалца зIе латтор. ТIалибанан лидер Молла Омар веллийла шина шарахь къайленехь латтийна, иза харцо ю, аьлла цо ша шинарийдийнахь дарж дитар довзуьйтуш.

Керла лидер Мансур Мохьаммад АхIтар хIотторна реза бац тIалибех дуккха а. Хьал цхьана хорша даллалц шаьш бен тIемаш совцийна цхьаццайолчу жамаIаташа. «Доьналла мел долу муджахIид декъахь а волуш харжа веза хьалханча» - аьлла Дохера дарж дуьтуш Ага ТIайаб Сайед Мохьмада. Амма тIалибийн коьртачу векала Забуллас шена ца хезна цуьнан дIахьедар, аьлла прессе.

XS
SM
MD
LG