ТIекхочийла долу линкаш

Байинчу гIаттамхойн цIераш йовзийтина


Оршоьтан буса нохчийн, гIалгIайн дозанерчу Даьттахахь вийна 8 гIаттамхо вовзийтина Iедало. Уггаре воккхачун ду 36 шо , жимахчун – 22. ТIехьа-Мартанарчу Бютукаев Асланан жамаIатера бу массо а тIемалой.

Уьш бу: тобан хьалханча янди-кIотархо Тагилов Адам а, цуьнан юьртахо Джамалдаев ГIайрбек а, Цураев Орца, Мехтиев Муслим, Заурбеков Мохьмад, Уцмиев Имам, Магомадов Рамзан, Косыбаев Рахьим.

XS
SM
MD
LG